Бахархойн гIайгIа беш

Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Трупалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу региональни юкъараллин фондан саг1а хедаш дац. Х1ора дийнахь бохург санна, к1ошташка кхачадо саг1ийна лерина сурсаташ. К1оштан админстрацехь билгалдо ярташка и сурсаташ д1асадекъар.

Г1ийла-миска бохкучарна, заь1апхошна, бо-берашна качадо саг1а уггаре а хьалха. Саг1ига хьашто ерг юьстах ца вита, массо а х1уманан низам лардарехь само йо к1оштан администрацин куьйгалхочо Ахиядов Нурдис.
Карантинан бехкамаш ларбар а х1инца д1адаьккхина дац, цу т1ехь ледарло ян мегар цахилар а тидамехь латтадо цо.
К1оштан бахархоша даггара баркалла олу шайн керта саг1а дохьуш баькхинчарна. Х1ара ун-бала вайна т1ера Дала д1а а айбина, дахар хьалхалерчу хорша а дирзина, кху вайн махкахь могаш-маьрша вай дехарх хиларх дог тешна а бу уьш, шайн до1анашкахь цара Деле доьхург а иза ду.
Хабакаев БайIела

(Смотрели 5 раз, 1 за сегодня)

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *