Бахархойн Iар-дахаран хьелаш

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан т1едилларан гурашкахь, Ведана к1оштан Культурин ц1ийнехь кхеташо д1аяьхьира Нохчийн Республикин ТФОМС куьйгалхочо Абдулазизов Денилбека.

Цигахь дакъа лоцуш Денилбекан хьалхара заместитель Алханов Адам а, Ведана к1оштан администрацин куьйгалхо Абдулазизов Шарпуди а, НР-н Парламентан депутат Джафаров 1аьрби а, РОВД-н куьйгалхо Боршигов Абубакар а вара. Ткъа иштта цига кхайкхинера Къанойн кхеташонан векалш а, к1оштан хьукматийн а, цхьаьнакхетараллийн а куьйгалхой а, участковыйш а.
Кхеташонехь дийцаре динчу хаттарех коьртаниг дара бахархойн х1усамашка газ йигаран бакъонаш а, латта доладаккхаран кехаташ кечдар а, ЖКХ-н налогаш д1аялар а. Т1аьхьа а ца тоьттуш мелла а сиха листа дезаш хаттарш уьш хилар а билгалдира.
К1оштан ц1арах вистхуьлуш, Абдулазизов Шарпудис билгалдаьккхира, бан безаш болу болх лаккхарчу т1ег1анехь д1аберзор хилар а, бахархошца кхетарона болх д1ахьор хилар а.
Цхьаьнакхетар дерзош, Абдулазизов Денилбека т1еч1аг1дира, 11-чу секторан куратор ша хиларе терра, ша берриге а ницкъ т1ебохуьйтур бу Республикин Куьйгалхочун т1едиллар кхочушдан аьлла. Цу жам1ашка кхачархьама к1оштан х1ора белхахо а жоьпалле хила веза а элира цо.

Хабакаева Хеда

(Смотрели 1 раз, 1 за сегодня)

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *