20 апреля, 2024

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо бинчу кхайкхамца а, цо къаьсттина тидам т1ебахийтарца а шеран жам1аш деш, налогаш д1аяларан г1уллакх ду коьртачу декхарш юкъахь.

Цу хьокъехь к1оштарчу бахархошкахь х1ун хьал ду а хьожуш, меттигерчу депутаташца дагабовла а дагахь Ведана к1ошта баьхкира Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ Ханбиев Мохьмад а, Джафаров 1аьрби а.
Кхеташонехь дакъалоцуш райсоветан депутат Чагев Ваха-1ела а, ярташкашара депутаташ а бара.
К1оштахь долу юкъара хьал а, ярташкарчу бахархоша налогаш д1аялар муха а ду дийцира администрацехь д1адаьхьначу цхьаьнакхетарехь.
Ведана юьртан администрацин куьйгалхо волчу Хадисов 1ийсас еллачу отчетехь билгалдира, цхьа эзар ши б1е к1ур болучу юьртахь газах а, токах а, ПУЖКХ-н а налогаш д1аялар низамца д1адоьдуш хилар. Ахчанца таро ледара йолчарна субсидишца г1о деш, кехаташ кечдар т1ехь накъосталла деш, к1оштара бахархой налогаш бахьанехь декхар ца боьлху аг1онаш лелайо а элира цо.
Баьхкинчу хьешаша шайн къамелехь билгалдаьккхира бахархойн хьашташка хьовсуш, церан г1айг1а беш хила деза аьлла.

Хабакаев БайIела