20 апреля, 2024

Нохчийн Республикин Конституцин денна лерина цхьаьнакхетарш ду республикин дешаран кхерчашкахь д1ахьош. Т1екхуьчу т1аьхьенна цу дийнан мехалла йовзийтар а, таханлерчу машарх белларг беза мах хилар а хаийтар ю церан 1алашо.

Ведана к1оштарчу Эшил-Хотерчу школехь а даздаран хьолехь д1адаьхьира и де. Цига баьхкинчу ларамечу хьешашна юкъахь вара НР-н муфтин заместитель Джафаров 1аьрби-хьаьжа, к1оштан дешаран декъан куьйгалхо Истамулов Анзор, к1оштан «Керла дахар» газетан коьрта редактор Чагаев Ваха-1ела.
Цара дийцира 18 шо хьалха, Нохчийн Республикин Хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) хьалха а ваьлла, мохк т1еман ц1ергара баккхар а, вайн къомо шен кхоллам хоржуш, нийса г1улч яккхарх а. Цара иштта дийцира вайн къоман кхане кегийрхошкахь хилар а, Даймехкан машарна г1ароллехь латтар церан сийлахь декхар хилар а.
Хьеший т1еэца хаза кечам бара дешархоша бинарг а. Цара дозаллийца гайтира шаьш кечйина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахаран некъах лаьцна материалаш, суьрташ долу маь1иг. Шайн школехь уггаре а сийлахь меттиг и хилар а хаийтира цара.
Цхьаьнакхетар дерзош мовлад дийшира хьешаша.

Ш. Бибулатов