25 апреля, 2024

Х1ара мархин бутт карабеъчахьана, х1ора к1иранах бохург санна доькъуш ду Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ц1арахчу юкъараллин г1оьналлин фондо к1ошташкахь саг1а. Цу юкъара цкъа а йоккхуш яц Ведана к1ошт а.

Х1инца рог1ера саг1а доькъуш, кху к1ошта деара берх1итта эзар булка бепиг, ялх эзар котам, пхийтта эзар лимонад, ялх эзар банка моз, берашна томана х1уш а, чуьппалгаш а.
Жимма хьалха кхуза даладайтинера буьйда саг1а доккхуш, дайъа уьстаг1ий а.
К1оштан администрацин куьйгалхочо Ахиядов Нурдис юьртдай а, туркхаш а схьакхайкхина, ша даима ечу самонца царна т1едиллира ярташкахь саг1е хьашто йолуш болчу нахана нийсонца и д1асакхачор.
Республикин куьйгалло кху кепара шайн г1айг1а барна ч1ог1а баркалле ду адам. И гуш хуьлу саг1а дохьуш керта баьхкинарш цара доггах т1еэцарца. Царах х1орамма а бохург санна, билгалдоккху Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу фондера саг1а, х1ара еза хенаш ца хилча а, саццаза доккхуш, доькъуш хилар.

Башкаева Седа