19 апреля, 2024

 

Карарчу  беттан 17-18-19-чуй деношкахь д1абаьхьна харжамаш Нохчийн Республикехь лаккхарчу т1ег1анехь д1абевлира.

К1оштахь ерриге а 31 пункт яра кхаьжнаш таса кечйинарг. Цигахь д1аязвинарг 22 эзар кхаж тасархо а вара. Царах схьавеанарг 95,95% стаг ву.

Кхаьжнаш тасаран пункташкахь болх беш 196 стаг вара, царал сов, х1ора партин ц1арах тергамхой а бара.

К1оштан куьйгалхочо Абдулазизов Шарпудис хьалха х1оттийна декхар дара берриге а ницкъ т1ебахийттий, харжамаш д1абахьар шен барамехь чекхдаккха аьлла. Цу декхаршца лара а елира к1ошт.

Кхаьжнаш таса схьа мел веанарг самукъадаьлла, ойла екхаелла, дог-ойла айъаелла вара. Доккхачу тойнехь санна, дара массанхьа а долу сурт: кхехка тийсина яйнаш, лоькхуш пондар, деш хелхарш, къанойн хьехарш, кегийрхойн забарш. Дог доккхадедеш дара массанхьа а схьагуш долу сурт.

Цу дерриге а терго еш, оьшучехь накъосталла деш яра администрацехь кхоьллина штаб.

Юьхьк1ам болуш д1абирзина к1оштахь харжамаш. Халкъ шен декхарх кхеташ хилар а, шайн кхане шаьш хоржуш хилар х1оранна а хаар а ду иза.

Хабакаев Бай1ела.