Харжамашна кечамаш

Ерииге а Россехь цхьабосса д1абахьа леринчу харжамашна жигара беш кечамаш бу. Дагадоуьйту, и харжамаш карарчу шеран сентябрь беттан 17-19-чуй деношкахь д1ахьор хилар.

Ведана к1оштахь долчу хьолан терго еш ву к1оштан администрацин куьйгалхо Абдулазизов Шарпуди. Цу декъехь цунна доккха накъосталла до к1оштан депутатийн председатель волчу Хамзатов Валида. К1оштахь ерриге а ткъе цхьайтта пункт ю харжамашна билгалйинарг. Цигахь оьшачу массо а х1уманна кхачо йина ю. Д1атоха еза баннерш д1атоьхна, ц1еххьана ток д1аялахь а аьлла, мотораш кечйина, цхьана а кепара новкъарло йоцуш д1абахьа безаш бу харжамаш. Юьртдай а, администрацийн белхахой а шайга дог1учу декъана цхьа а х1ума тидамза ца дуьтуш, жоьпаллица болх беш бу. Харжамийн комитетан к1оштахь долчу декъан куьйгалхо йолчу Куразова Рукъетана т1едиллина к1оштан куьйгалхочо массо а х1ума тидамехь латтор а, оьшучу меттехь накъосталла дехар а.
Соьлжа-Г1алара хьалабаьхкинчара а билгалдаьккхира, Ведана к1оштахь харжамашна беш болу кечамаш лаккхарчу т1ег1анехь д1ахьош хилар. Шаьш бинчу талламца цхьа а кхачамбацар ца карийра царна.

Хабакаев БайIела

(Смотрели 5 раз, 1 за сегодня)

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *