25 апреля, 2024

К1оштан администрацин куьйгаллехь хила хийцамаш бовзуьйтуш, керла куьйгалхо вовзийтира.

Дагадоуьйту, кхул хьалха администрацин куьйгаллехь хилла Ахиядов Нурди Валидович Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн т1аьхьалонан х1оттаме а воккхуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан омрица к1оштан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдан билгалвина вара Абдулазизов Шарпудди Ширваниевич.
Кху цхьаьнакхетарехь к1оштан депутатийн совето цхьабосса куьйгаш айдеш, резахиларца Шарпуди Ширваниевич к1оштан куьйгалхочун даржехь д1ач1аг1вира.
К1оштан администрацин керла куьйгалхо вовзуьйтуш, и декъалван баьхкина Парламентан депутаташ а, векалш а бара шайн коьртехь Республикин Правительствон Председателан заместитель Магамадов 1абдулла а волуш. Цара хаийтира шаьш кхуьнах б1обулуш а, догтешна а хилар.
Шен рог1ехь вистхуьлуш к1оштан депутатийн кхеташонан куьйгалхо волчу Хамзатов Валида даггара баркалла элира кхул хьалха куьйгалхо хиллачу Ахиядов Нурдина. Цо доггах къахьоьгуш бинчу белхан жам1аш ладаме хилар а дийцира. Иштта цо билгалдаьккхира, керлачу куьйгалхочунна хьалха лаьтташ долу декхарш а атта цахилар а, цу чолхечу балхахь цо х1инцале а ша б1аьрлачу аг1ор гайтина хилар а. Белхан юьхь беркате йолаяларе терра, кхид1а йолу хан а к1оштан бахархойн хьашташна юкъ йихкина хирг хиларх шаьш тешна хилар а хьахийра Валида. Оьшучу декъана шайгара долу накъосталла даима а хир ду аьлла т1е а тухуш, шен къамел дерзийра цо.

Чагаев В-А.