КIоштан ярташ, урамаш къагийра

Карарчу шеран октябран 15-де Ерригроссин белхи бу аьлла д1акхайкхийна дара. Вайн мехкан х1ора республикехь д1ахьочу цу боламна юьстах ца йисира вайн республика а. Цхьабосса арабевлла, дезарш дечу нехан мог1аршкахь бара Веданан к1оштан бахархой а.

К1оштан администрацин куьйгалхочун Абдулазизов Шарпудин кхайкхамца, хьалххе бина кечам а болуш, кегий а, яккхий ярташ белхина юкъаозийна, балхахь бара-бацара аьлла ца 1аш, бахархой арабевлла, малх санна, къагийна д1ах1оттийра х1ора юрт.
К1оштан цхьана дозанера д1абуьйлабелла, вукху дозане кхаччалц, гобаьккхина мел йолу меттиг схьалаьцнера: нехаш д1айохуш, оьшучу кир-сир деш, новкъара х1уманаш д1айохуш.
Белхи д1абоьрзуш к1оштан куьйгалхочо Абдулазизов Шарпудис даггара баркалла элира кху белхан бала а кхаьчна, ара мел ваьллачунна.
– Ламанан к1ошт ларалучу кхуза вайн махкара нах баьхкина ца 1аш, кхечу республикашкара хьеший а дукха лаьтта дела, хаза юьхьк1ам бу мичча хенахь а т1е стаг ван мегар долуш, хаза, ц1ена вайн к1ошт хилар. Оьздачу нехан амалш ю шаьш 1ачу меттехь ц1ена 1ар а, 1алам лардар а, – билгалдаьккхира шен къамелехь Шарпуди Ширваниевича.

ХАБАКАЕВ БайIела

(Смотрели 7 раз, 1 за сегодня)

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *