18 апреля, 2024

Д1адаханчу б1ешеран дезткъе кхойтталг1ачу шарахь цхьабосса кхаж тасарца т1е а эцна, билгалдоккхуш ду 12-г1а декабрь Россин Конституцин де ду аьлла.

Россин Федерацин субъект хиларе терра, Нохчийн Республикехь а шуьйра билгалдоккху и де.
Ведана к1оштахь дезчу денна бина кечамаш бара, Конституцин де даздар лаккхарчу т1ег1анехь д1а а даьхьира. Банерш, байракхаш, кхайкхаман кехаташ – к1ошт леррина кечъеллера цу денна.
К1оштан культурин ц1ийнехь коьрта даздарш а долуш, х1ора школехь а цхьаьнакхетарш дира.
Культурин ц1ийнехь д1адаьхьначу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара к1оштан администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель Дужаев Мовсар а, муниципалитетан куьйгалхо Хамзатов Валид а, иштта администрацин дакъойн куьйгалхой а, юьртдай а, к1оштан хьукматийн куьйгалхой а, бахархой а.
Официале декъехь вистхиллачу Дужаев Мовсара дийцира, Конституци т1еэцар а, цуьнан бакъонаш ларъяр а пачхьалкхан къепе х1отторехь мел оьшуш х1ума ду а, цуьнан мехалалла а.
Цул т1аьхьа культурин декъан артисташа хаза кечйина концерт гайтира гулбеллачарна.
Конституцин де билгалдаран гурашкахь дара Октябрьски школехь д1адаьхьна къовсадалар а. Мохк, пачхьалкх, регион, конституци боху кхетамаш бастар хаттаршкахула а, жоьпашкахула а дара цу къовсадаларехь.
Толамхойн хьуьнарш билгалдохуш жюрехь бара администрацин векалш. Цара лаккхара мах хадийра бераша бинчу кечаман.

Хабакаев БайIела