19 апреля, 2024

Бусалбан дин дезаш, ц1ий ца 1анош и т1елаьцначу нохчийн къомо даима деза лоруш, сийлахь хеташ лардина динца доьзна мел дерг. Цо ларам бина Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ц1ийнан нехан. Къурайшин ц1ийнах болчу нехан сий-ларам даима а лаккхарчу т1ег1анехь хилла Нохчийчохь. Уьш безаш т1елаьцна, церан г1уллакхе хьовсуш, церан юьхь еш схьабог1у вайн нах кху дийне кхаччалц.

Иран-пачхьалкхан паспорташ карахь долуш, вайн махкахь 1881-чу шарахь дуьххьара гучубаьлларг Джафаровг1еран доьзал бу.
Джа1фаран доьзал мухха делахь а, Ведана кхаьчна, цигахь д1атарбелла. Схьабовлар 1аьрбийн къомах далахь а, вайн махка баьхкичахьана нохчийн къомах д1а а ийна, вайна т1е мел х1оьттина дика-вон вайца цхьабосса ловш, хаза тарлуш, жоьпалле даржашкахь белхаш беш, вайн г1иллакхца бозуш, вайца гергарлонаш х1уьттуш схьабаьхкина уьш.
Кхузаман таронаш шуьйра хиларна, интернет-г1ирсашца з1е латтон аьтто хиларна а, церан силсилан бух карийна, х1инца карахь шайн тоьшаллин кехаташ ду церан. И тоьшаллин кехаташ цхьаъ Индонезера а, цхьаъ Иракера а даийтина ду. Шинна а кехато ч1аг1до мел генара схьадог1уш, мел сийлахь орамаш ду вайна юкъахь бехачу, вайна дукхабезачу Джафаровг1еран. Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) йоь1ан Пет1аматан к1ентан Хьусайнан т1аьхьенах уьш хилар гуш ду цу кехаташ т1ехь.

Башкаев Сайд-Хьамзат