М.Доскаев: «Ас Далла хастам бо бусалба динан мерза чам бовзийтарна!»

Доскаев Вахин воI Мохьмад дуьнен чу ваьлла 1953-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 5-чу дийнахь хийрачу махкахь – ГIиргIизойчохь. Нохчийн къомаца цхьаьна, бохийна Сибрех дIабахийтира ДоскаевгIеран доьзал. Iедална ца тоьънера шаьш паччахьан заманахь дуьйна Везин тIаьхьенашна бина ницкъ, Кишин-Хьаьжица гергарло ду, бохуш. Амма, Мохьмад-Хьаьжин дай Iедале бусалба динна хиэра ца бахабелира, мелхо а ийманехь чIагIлуш, бусалба Iилма схьаоьцуш, схьабаьхкинера уьш. Оцу хьоло вира Мохьмадах – Мохьмад-Хьаьжа. Тахана вайн махкахь а, ГIалгIайн махкахь а кIезиг нах хир бу Мохьмад-Хьаьжа ца вевзаш, цуьнгара оьздангалла, гIиллакх, Iилма, маслаIат эцаза. И дерриг а Дала дина дика ду Мохьмад-Хьаьжин дай бахьана долуш – Ваха, Ваха-Хьаьжа, Доска, Наза, Вези, Iабдулла, иштта кхидIа а. Яхана заманаш чолхе а, хала а дера яра. Бусалба динца доьзна дерг чекхдолуьйтуш дацара, тахана санна беркате а, маьрша а зама хиллехьара, хьал кхечу кепара хир дара, делахь а, олуш ма хиллара – хIора хIуманан шен зама ю, Далла бу хастам, – олий доладо Мохьмада шен къамел. – Даймахка цIадирзинчул тIаьхьа, 1960-чу шарахь, сан ворхI шо кхочу хан ю иза, дадас (Мохьмадан деда Ваха-Хьаьжа) со школе ца вахийтира, оцу шарахь цо суна дуьххьара Къуръан хьеха долийра, соьца сан дейиша Зулпат а яра. Делан къинхетамца оццу шарахь деден лаам кхочуш а хилира. Къуръан а хьийхира суна а, сан дейишина а, иштта, кхо жайна а хьийхира.

1961-чу шарахь товбецан (сентябрь) баттахь, со школе вахара, тIедогIучу кхаа шарахь Хьаьжин-Эвлахь дийшира ас. ЦIе-Веданахь вара Дадаев Iабдул-Рахьман, Iаламат дика Iеламстаг вара иза. Оцу заманахь вай хьалха хилла болчу Iеламнахах стаг вара иза, хьуьжарехь дешна а волуш. Къуръан а, кхо жайна а Iамийна со ваьлча, цаьргахь Iаш, дийшира аса кхидIа. 1961-чу шарера 1963-гIа шо кхаччалц йолчу хена чохь Iабдул-Хьамидана тIе лелаш дийшира. Школе Iуьйранна ваха везачу хенахь суьйранна воьдура со оцу моллина тIе.Деша делкъанна ваха везча, Iуьйранна воьдура со цуьнгара дарс схьаэца. Бакъ долуш, зама аттачарех яцара, хIинца санна жайна эцна аравала йиш йолуш яцара, – деган Iийжамашца карлаюьйлу Мохьмадан иэсехь и луьра хенаш.
– КIайн, шуьйра духар дара сан лелош, хIинца а дагадогIу суна иза, цу чухула хьулдина лелош, жайнаш дара сан. Оцу шина, кхаа шарахь хьийхира суна Iабдул-Рахьмана. Цигахь доьшуш волуш суна мотт туьйхира, и бахьана долуш юхавала дийзира сан. Со охьавогIуш, жайна хьалха а лоций, сайна елла урокаш йоьшуш охьавоьдура со, охьакхаьчча, сайн урок оьций хьалавогIура со, цу хенан, дукхахьолахь, гIашлойн некъаш дара. Дукха йоьший, хьалавогIучу хенахь моллас елла йолу урок Iамайой волура со.
…Цхьа хаза хIума хьахо луур дара суна. Цигахь Iаш вара ВахIаб-Ширвани бохуш воккхуо стаг, гуна тIехула кхор болуш меттиг яра иза, чу а, хьала а волуш лелара, ткъа иза мангал тухуш хуьлура нисса цу кIелахь, сирла шовда дара цигахула охьадогIуш. Цхьана дийнахь сайн урок а йоьшуш схьавогIуш, со хьаьнга вогIу терго йина хиллера цо. Iабдул-Рахьман волчу а веана, цо аьллера: «Деллахь, Iабдул-Рахьман и цхьа кIант ву шу долчу вогIуш, и могаш вуй-те, шеконаш ю сан, хьалавогIуш «бу-бу-бу» бохуш къамел деш вогIу иза, охьавогIуш а «бу-бу-бу» бохуш къамел деш вогIу иза, цецваьлла со цунах»,- аьлла хиллера ВахIаб-Ширванис.
«Ву хьуна, ВахIаб-Ширвани, виталахь иза, цунах зен дер дац хьуна вайна»,-аьлла жоп делла хиллера цунна сан устаза.
Дала декъалвойла, вайн дедас Шелахь цIенош ийцира, тезакхаьллахошна юккъехь. Цигахь вара хьалха дешна болчу Iеламнахех стаг, Эми яра цуьнан цIе. Куьцехь-кепехь вежарий бара уьш: Эми, Боба, Iусман, Дадаъ. Дин дика девзаш а бара уьш. Цигарчу школе охьавигира со, эццахь дIанисвеллачул тIаьхьа Эми волчу воьдура со, тхо лулахь Iаш дара, гена доццуш. Соьца цхьаьна доьшуш Эмин кIант Сайд-Iали вара, самукъа долуш дIайоьдура хан. Денна кхо-йиъ километар паргIат охьа-хьала лелара со. Нислора иштта къахьегар. Эццахь юха а Iедало хьовзийра тхо. Эмис элира: «Хьенех, хIинца хьо кхузара дIа ца валахь, кхераме ду хьуна сан гIуллакх, хIунда аьлча, Iедалехьара жимма сингаттам хилла а ву со». ДIавуьгур ву ша аьлла, со дадас цигара хьалавалаво. Цул тIаьхьа дедас цигара цIенош дIадухку, Делан кIинхетам бу-кх, оьшучу хенахь Дала кара а дайтира уьш, дIадохка дезча цхьа де а ца долуш, дIа а ийцира уьш. Цул тIаьхьа Гуьмсе школехь деша вахийтира со, цигахь вара дадин нанас вина ваша, цуьнан цIенна тIехьа дакъа ийцира суна. Цу юьртахь вара Iумар-Паша бохуш, дукха дика стаг, Воккхачу Хьаьжин мурид волуш. Иштта хиларна, билгало юьйцур ю ас. Воккха стаг вара иза, хIетте а цуьнгара дарс эца чувахча, кIант, олура цо, мичахь ву хьо, тхо масийтта вара цу чохь, ша волччохь дIатаьIий Iара иза, цхьа а жайна а ца хуьлура цуьнан карахь, амма тхан хIораннан жайна дагахь доьшура цо тхуна. Цуьнан Мохьмад бохуш кIант вара, дешна а волуш. Iумар-Паша бакъдуьнене вирзича Мохьмадана чудирзира тхо. ДагадогIу суна, цуьнан хIусамнана яра Айза цIе йолуш, ша санна дика зуда оцу лаьттах яханий-те аллал дика зуда яра иза. Iумар-Паша волчу хенахь тхуна атта хуьлура, тхайн дарс оьций, дийнна дийнахь цхьанхьа юьстах довлий, иза доьшуш Iара тхо, амма Мохьмад балхахь вара. Ша дIавахале, тхо арахь Iаьржа йолуш охьадаладой, тхуна дарс луш къахьоьгура цо. Мискъала зарратал новкъарло ца йора Айзас, оьзда, комаьрша стаг яра иза. Цигахь доьшуш дикка хан-зама елира, Iедал деана, цигахь а гIуллакх галделира тхан, 1966-гIа шо дара иза. Тхуна дуккха, боккха пайда белира Iумар-Пашех а, цуьнан кIантах Мохьмадах а. Цигара юха а цIавало дийзира со тхан деден, Хьаьжин-Эвлахь 7–8 класс яьккхира аса. Оцу хенахь ЦIе-Веданахь долу гIуллакх дIанисделира сан, юккъе масех шо долар бахьана долуш, Iабдул-Рахьманца ас жайнаш дийшира, сих-сиха Iедале и гIуллакх дIакхачадора, цундела ца воьдуш дикка хан йолура. Ас и болх лелочу хенахь Яхийта а, Асмаъ а, Ами а яра юьртан советехь секретарь болх беш. Уьш балхахь болчу хенахь тхуна Iедал догIу хан хаьара, цара тхуна хаам бора: Йоллу хIума дIаяккха, тахана я кхана богIур бу шуна, – олий. Iумар бохуш дадин шича вара, гена воццуш Iаш, цо олура тхоьга, ша волчу схьада шайн жайнаш. Деана Iедал, массо хIума кегайой, дIахьийзий-схьахьийзий, кхин хIумма а кара ца йой, дIадоьдура, цул тIаьхьа оха тхайн чамда охьайохьура Iумар волчура.
1969-чу шарахь со 8 класс чекхъяьккхина велира. Оцу хенахь со Iабдул-Рахьман волчохь Iаш вара, мухха даьллехь а, сан гIуллакх юха а Iедале делира. Кхин дан хIума ца хилла, Халид бохуш вара Мичуринехь (гIалахь) Iаш цхьа Iеламстаг, тайпана цIонтаро волуш (Дала декъалвойла иза), дада ваханера цунна тIе сан гIуллакх эцна, кIант охьавало ца оьшу таро хилахь, ша хьалавогIур ву аьлла хиллера цо дедега. Баттана мах хIоттийна, и валийра суна хьеха. Шина батте ца делира и гIуллакх, иза муха хиира хIинца кхеташ вац со, араволуш, эвла юккъе волуш, зуькаре воьдуш я мовладе воьдуш вацара иза, сан болх беш Iаш вара, и хилар хиъначух тера дара, Iедал догIур ду аьлла схьахаийтира. Делан къинхетамца, и схьа ма хиъинехь, дедас вадийна Халид, Iедалан кара ца вохуьйтуш, шен цIа дIакхетийра. Кхин цхьанхьа деша ваха, аьтто бохийна, айса хьалха Iамийнарг юх-юха доьшуш, карладохуш Iара со. Цу буса дадас соьга элира: «Тховса ойла йийр ю ас, хьенех, тIаккха вайша хьаьжжинче дIагIур ву» – реза хилира со, воккхачу стаге санна къамел дора цо соьга. Оцу Iуьйранна дада Ойсхара а вахана, цигахь волчу моллица барт бина хьалавеара. 1969-чу шеран гурахь, цу хенахь ло хьалххе дуьллура, дагадогIу суна, оцу лайлахула, массанхьа тхан дедас теллина Ойсхарахь вара, тайпана эгIашбато волуш, Iаламат дика Iеламстаг, Увайс яра цуьнан цIе, цунна тIевигира со. Цуьнца гергарло хиллера вайн, Iабдул-РахьимагIеран яра цхьа йоI Хазбика бохуш, иза хилла хиллера цуьнгахь жима йолуш, дуьххьара цо йигна, и гергарло хиллерра тхан цаьрца лелош дерг. Дика ду, хьенех, тIеийцира цо со, сан гIуллакхе хьожур ву аьлла, тхан дедена дош делла. Цунах кхаъ хилла, тхан дедеца охьавахара тхойшиъ Ойсхара. ЧIогIа оьзда, беркате, эсала доьзал бара церан, сиха дIаийра со царах. Дала декъалйойла цуьнан хIусамнана, шена дан доккха тоьшалла долуш яра иза, ламазца, мархица яра, шен хIусамдена муьтIахь яра, шен доьзалхочун гIуллакхел чIогIа сан гIуллакхе хьожура иза. 1970-гIа шо тIекхаччалц цаьргахь дийшира ас, цу хенахь сан I7 шо бен кхин хан а яцара, дедас суна зуда ялийра оцу гурахь, сайнна цIенош эцна, дIанисвира цо, баккхийчара шайна юккъехь дийцина гIуллакх дара иза.

(Чаккхе хир ю).
(Сий-ларам болуш волчу Мохьмад-Хьаьжица хIара къамел хилира
2021-чу шеран, чиллин (февраль) баттахь)
ДIаяздинарш – Ибрагимов Мовсур,
Яхъяева ПетIамат

(Смотрели 5 раз, 1 за сегодня)

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *