20 апреля, 2024

Вайн к1оштарчу Марзой-Махкахь д1адаханчу п1ераскан-дийнахь схьадиллира керла маьждиг. Цигахь хьалха хилла маьждиг, латта такхар бахьана долуш, бух иккхина, тишделла дара.

Вайн республикин куьйгалхочун омра дара, республикехь тодан дезаш я керла дан дезаш маьждигаш далахь, цу хьокъехь хаам бе аьлла.
Цу программи юкъадаханера Марзой-Махкара маьждиг а.
Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу г1оьналлин фондо харжаш йина ши б1е стаг цхьанаметта д1ах1оьттина 1амал ян йиш йолу и маьждиг деш.


Рузбана маьждиг схьадоьллуче баьхкина сий-лараме хьеший бара, шайн коьртехь республикин муфти Межиев Салахь-хьаьжа а волуш. Иштта цигахь вара к1оштан куьйгалхо Ахиядов Нурди, к1оштан къеда Газимагамаев Илесхан, муфтин заместитель Джафаров 1аьрби, ярташкара маьждигийн имамаш, туркхаш, къаной. Гулбеллачара шайн къамелашкахь даггара баркалла элира х1ара маьждиг дан харжаш йинчу вайн республикин куьйгаллина а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу фондана а. Билгалдехира Делан новкъахь цара деш долу меле г1уллакхаш.
Буьйда саг1а а доккхуш, мовладца, зикарца, рузба а деш, Салахь-хьаьжас хут1ба а доьшуш д1адахара маьждиг схьаделлар.

Башкаев Сайд-Хьамзат