29 марта, 2024

Шеран беттана юкъахь къаьсттина деза лоруш билгалдаьхна беттанаш ду. Царах бу Раджаб бутт. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Раджаб-бутт – Делан бутт бу, Ша1бан-бутт – сан бутт бу, Рамадан-бутт – сан умматан бутт бу».

Раджаб-батта чохь ю Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Дала шена гергавуьгуш, стигала хьалаваьккхина йолу Ми1раж буьйса. Цу буьйсанан хьурмат деш республикин шахьаршкахь а, ярташкахь а долчу маьждигашкахь 1амалш еш, буьйса денъеш къахьийгира бусалба наха.
Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ц1арахчу г1оьналлин фондо саг1а декъарца ларам бира Ми1раж буьйсанан.

Республикехь доькъучу саг1анан декъах Ведана к1ошта цкъа а йоккхуш цахиларе терра, х1инца а кхуза деана д1асадийкъира жижиг, бепиг, котамаш, берашна хазахетийта мерза х1уманаш.
К1оштан куьйгалхочо Ахиядов Нурдис юьрта дайшна т1едиллира саг1а д1асакхачорехь само яр.
Мискачу нехан дог хьастар мел йоккха ял ю хууш, вайн мехкан куьйгалхочо даима тергонехь латтадо церан хьашташ. Цундела цара шайн до1анаш юкъара ца воккхуш, Деле цунна могашалла а, еха оьмар а, вайн къомана цо дечу дикачу г1уллакхашна ял а йоьху.

Башкаева Седа