Мовладан беттан хьурматна

Вайх х1оранна а хаьа Рабби-1уль-авваль бутт вайн Делан Элча, пайхамарийн мух1ар, т1аьххьара пайхамар Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьненчу веана бутт хилар. Вайн доккха ирс ду цуьнан умматах вай хилар, вайна цо деана ц1ена дин – Ислам – вайна совг1ат ду.

Вайн махкахь кху беттан ларам бо мовладашца, зуькаршца, саг1ийца, дикачу 1амалшца.
Вайн республикин куьйгалхочо къаьсттина шегарчу масалца гойту вайна Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьненчу веанчу беттан а, дийнан а хьурмат муха дан деза.
Баккхийчара 1амал йина ца 1аш, т1екхуьучу т1аьхьенна динан марзо йовзийта лууш болх бу республикехь беш. Вайн пайхамархан дахарх лаьцна дийцарш дуьйцуш, и хьехош, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сифатех дуьйцуш, вайн берашна и везаран марзо йовзуьйту, цуьнан дахар довзуьйту.
Цу 1алашонца Ведана к1оштахь д1адаьхьира Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахар довзарх долу къовсадалар. Къовсам д1абахьаран 1алашо яра динах долу хаарш к1аргдар, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ша-тайпа дахар довзийтар, динан марзо а, Пайхамар везар а шовкъ вайн т1екхуьучу т1аьхьенехь кхоллар.
Цкъа хьалха ярташкахь д1адаьхьначу къовсдаларан жам1ашца билгалбевлла толамхой бара к1оштан къовсадаларе балийнарш.
К1оштан къедас Газимагомаев Илисхана т1едилларца, яртийн маьждигийн имамаша леррина болх бинера кегийрхошца.
Хаза кечам бина, дукха лерина баьхкинера кегийрхой къовсаме.
Толамхошна а, дакъа мел лаьцначарна а хаза совг1аташ а деш, т1ейог1учу ханна а иштта цхьаьнакхетарш д1адахьа лаам а болуш, дирзира къовсадалар.
Берийн дай-нанойн комитетан векалша даггара баркалла элира шайн берийн иштта г1айг1а беш, церан 1уналла дечу хьехархошна а, куьйгалхошна а.
Т1екхуьу чкъор ийманехь хиларца бен вайн къоман кхане хир йоций кхеташ болчу царна доккха накъосталла хета бераш кхетошкхиорехь шайна деш дерг.

Чагаев Ваха-1ела

(Смотрели 5 раз, 1 за сегодня)

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *