Нохчийн Республикин Конституци – машаречу дахаре гIулч яккхар

Машаре дахар а дохош, хийла адаман дегнаш тІе йоьрзур йоцу чевнаш а туьйсуш юха а Нохчийчу беара тІом. Къиза, къинхетам боцу тІом. Доьрзур доцу даьІнаш дара цо догІмашна дина ца Іаш, синошна а деш…

Цхьа а вацара шен кхане муха хир ю хууш, я и кхане шен хирг хиларх тешаш а. Уггар а гергара сатийсам: стигал маьрша елахьара, кхин х1умма а ца оьшур-кха!
Къомана хьалха а ваьлла, цуьнан бала д1аайбан стаг оьшура. И г1о-орца стенгара дог1ур дара-те бохуш ладоьг1ура наха.
Иштта стаг вайн къома юккъехь хиллера – Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цо хьийхира вайн къам т1еман ц1ергара долу некъ. Уггаре а хьалхара г1улч – Россин Федераци юкъахь 1ан лаьа аьлла низам т1еэцар, Конституци т1еоьцуш кхаж тасар.
2003-чу шеран 23-чу мартехь Референдум ца яйта, кхаьжнаш тасар маьрша чекх ца далийта дукха новкъарлонаш а йира. Референдум вовшахтоха ара мел ваьллачунна кхерамаш а тийсира дукха, цу юкъа мел ваханарг вуьйр ву бохуш, керта кехаташ а туьйсура. Амма халкъ юха ца делира. Хьалхаваьллачу баьччин дашах тешна, цуьнан некъаца сирла кхане гуш, цунна накъостий хилира вайн къоман к1ентех. Цу новкъахь шайн синош ца кхоош эгнарш а к1еззиг бац. Амма церан дахар эрна ца хилла, вайн маьрша тахане ю цара сатийсинарг.
Тахана машаречу, маьршачу махкахь парг1ат деха вайн къам. Ирсе хила мел оьшу хьелаш а ду вайн тахана.
Х1етахь вайн Хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хьалха а ваьлла, къам шена т1аьхьа ца х1оттийнехь, х1ара зовкх вайна хир дацара. Цундела халкъо цкъа а виц ца во иза а, цунна улле х1иттина шайн синош д1аделла к1ентий а.
Дала г1азот къобалдойла церан!
Чагаев Ваха-1ела

(Смотрели 1 раз, 1 за сегодня)

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *