Нохчийн зудчун де

Гуьйренан хьалхарчу беттан кхолг1а к1иранде къаьсттина ша-тайпа дог1у Нохчийчохь. Цунна бахьана ду башха дезде – Нохчийн зудчун де.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун омрица, сентябрь беттан кхолг1а к1иранде Нохчийн зудчун де ду аьлла д1акхайкхийна ду вайн махкахь.

Вайн турпалчу нанойн, оьздачу йижарийн, эсалчу мехкарийн сийнна, уьш лоруш д1акхайкхийна ду и дезде.

Веданан к1оштан культурин ц1ийнехь Нохчийн зудчун де билгалдоккхуш цхьаьнакхетар дира. Цигахь дакъа лоцуш вара к1оштан администрацин куьйгалхо Абдулазизов Ширвани а, к1оштан полицин куьйгалхо Хумаидов Абубакар а.

Цаьршимма а, кхечара а довха дешнаш аларца декъалбира вайн наной, йижарий, йоь1арий.

Оьздачу зудчуьнга кхочуш бахам цахилар а, доьзал ийманехь кхетош ерг нана хилар а дийцира цара.

Ширвани Шарпудиновича шен къамелехь билгалдира, вайн къомана т1ех1иттинчу халачу киртигашкахь вайн зударша гайтина доьналла. Х1ораннан а ц1арах ала довха дош а, царах дан дозалла хилар а дийцира цо. Шен къамел дерзош, сцени т1е а кхайкхина, совг1ат дира цо уггаре а луьрачу хенахь паспортан стоьлехь болх бинчу Азаева Пет1аматна а, Мугуева Милиханна а.

Шен рог1ехь вистхуьлуш Хумаидов Абубакара Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисехь йижарийн дозалла хьахийна хилар билгалдира. Йижарийн къинхетаме кхочуш х1ума дац элира цо.

Цхьаьнакхетар дерзийра зала чохь болчу зударшна зезагаш а луш, уьш х1ора а декъал а еш, къаьсттина баркалла вайн турпал к1ентий кхиийнчу наношна а олуш.

Газиева Лизама

(Смотрели 13 раз, 1 за сегодня)

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *