19 апреля, 2024

Нохчийн Республикин пачхьалкхан т1ег1анехь билгалдохучу дезденойх къона дезде ду Цхьааллин а, бартан а де. Иза билгалдоккху 6-чу сентябрехь.

Вайн махкахь и де билгалдоккху дукха хан яц – Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) 2002-чу шарахь шен омрица ч1аг1дина ду и дезде.
Ведана к1оштан ерриге а школашкахь дешархошца цхьаьнакхетарш дира Цхьааллин а, бартан а де билгалдоккхуш. Классийн куьйгалхоша а, ийманехь кхетош-кхиорехула болчу хьехархоша а царна дийцира цу дездийнах лаьцна. Дешархойн хаттарш дукха дара цу хьокъехь, царна хаа лаьара и де билгалдаран бух стенгара схьа бу.
Дешархойн хаттаршна кхачаме жоьпаш луш, хьехархоша карладаьккхира вайн къоман дахарехь хилларг. Дийцира мел беза мах белла вай таханлерчу маршонах. Вайн къоман баьчча, вайн Хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хьалха а ваьлла, т1ом сацорах, цу т1еман ларш д1аяха йолорах, шен ден сийлахь некъ юьхьарлаьцна вайн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къахьегарх дийцира цара берашна.
Юха кхин цкъа а карладаьккхира, мел пусар дан деза вай тахана вайгахь долчу хьолан. Вайх х1ора а г1ароллехь латта веза вайн къоман ирсана. Дешархойн хьалхара декхар ду хьехархошка ла а дуг1уш, цара аьлларг а деш, хаарш гулдар. Т1аккха царах вайн къомана пайда бер бу.

Петирова ПетIамат