20 апреля, 2024

Баккхийнаш беркат ду, баккхийчаьрца марзо ю олу. Баккъал а, ян а ю цаьрца йоккха марзо а, доккха беркат а. Ша цаьрца цахьирчинчунна, царах марзо ца эцначунна атта девзар а дац и хьал. Дала суна комаьрша деллачу совг1аташ юкъахь ду суна гонаха дуккха а баккхий нах, хьекъале, догдика къаной хилар: дехошкахь а, ненахошкахь а, цул т1аьхьа дахаро тийсинчу гергарлонашкахь а. Дененан а, деден а марзонах 1ебар юй-те, царал сов кхин адам деза меттиг а буй-те аьлла, сайн баккхийчарна т1ера йолчу суна ч1ог1а гергара хилла, даггара дукхаезаелла стаг яра Жовзан (оха-м Нана а, Баба а олура цуьнах). Ц1ийца доьзна гергарло а доцуш, сица-дагца йозаелла уьйр яра сан цуьнца ерг.

Тхайн баккхийчарна т1едог1у адам довззал а, царна мила мел дукха веза хаъал а яра со Жовзан евзачу хенахь. Денана йолчу йог1ий а гора суна и. Денанас каде д1асахьаьвзина дина ч1епалгаш а дууш, цу т1е шура тоьхна чай а молуш, тохара-хьалха (суна хетар-кха и иштта генара зама) хилларш а дуьйцуш и шиъ 1аш, цаьрца чохь нисъелча, самукъадолура сан цуьнах. Урамехь гича а хазахетара (сайн Вована дукха мел деза адам суна гергара дара). Даима цхьанхьа хьаьдда йоьдуш хуьлура и, цкъа а ши куьг ластийна а ца хуьлура: я бежнаш лаьхкина йоьдуш, я гам карахь, я мангал белшах, я гехь гали долуш, я марахь ц1ов болуш. Белхан г1ирс я докъарх х1ума карахь ца хилча, ги воьллина к1ентан к1ант хуьлура…
Цкъа а, цхьанхьа а д1ах1оьттина, цхьана а адамна луьйш хезар яцара. Массарна а хьастаелла, массеран а дог оьцуш.
Иза суна Жовзан арахьара йовзар дара.
Цул т1аьхьа гергарло тасаделира тхан цаьрца, захало нислуш…Т1аккха кхин а уллера евзаш, де мел дели а, шо мел дели а гергара хуьлуш, дукхаезаелира.
Чот а, барам а боцуш, оьзда стаг хиллера и. Ша бахьанехь цхьана а адамна бохам бийр боцуш адам а дара. 1аь мерза, куьйгана коьмарша, догц1ена йолуш, х1уманна мало йоцуш йолчу Жовзана цкъа а шена темаш лоьхуш, шех бала бина меттиг дага ца йог1у суна, я цо цкъа а вас йина меттиг а. Захалонца долу х1ума экама, бехке хеташ лардеш ламаст вайн делахь а, тхуна юкъахь лелларг чуьра гергарло дара, сайн ц1а йоьдуш санна, парг1ат йоьдура со цунна хьалха. Х1оразза а ша суна х1ун там бийр бу ца хууш гонаха хьийзаш, ца хилча йиш йоцу хьаша еъча санна хьийзара и даима а.
– Со нана яла хьан, когаш бовха буй хьан? Ма дика ду-кх хьан х1ара йовха мачаш йолуш! Т1ерг1ан пазаташ езий хьуна? Лелор юй ахь? К1алд а яра вайгахь…даьтта а хьохьа… – доггаха и гонаха хьаьвзича, суна дерриге а дуьне схьаделча санна, дагна там а хуьлура.
И гергарло соьца цхьаьнца лелийна 1аш а дацара цуьнан. Массаьрца а иштта к1еда-мерза яра и. Шех дозучу х1уманна орцанна кийча а.
Генарчу Сибрехахь доьзалш кхоьллинчу чкъурах яра Жовзан а. Ц1адерза бакъо еллачул т1аьхьа цуьнан нах Невран к1оштахь а буьсуш, х1ара шен керлачу доьзалца Элстинжа яха-1ан схьакхалха дезнера. Цундела кху юьртара х1ора стаг а шен гергара хеташ яра.
– Сайн дец1а генахь долуш, шун юьртахь со хийра, т1ееана стаг йолу дела, кху юьртах а сайна йиш-ваша дан г1иртина со. Шуна т1етийжаш, шуьгара г1о хуьлуш чекх а яьлла. Дела реза хуьлда кху юьртарчу нахана, цкъа а со д1а ца тоттуш, баккхийчех да-нана хилла, нийсархойх йиш-ваша хилла, соьца ма хаза ларам лелийна-кх кхузарчу наха, – олий, сих-сиха сан юьртарчу нахана баркалла а олура пекъаро.
Жовзан санна долу адамаш дуккха а даха дезара олий хета. Церан дукха хуьлу гонахарчу нахана дала а, дита а. Церан йовхо, беркат цкъа а хада ца лаьа. Амма 1ожалла вайн карахь яц. Ца лелча ца йолуш Делан кхиэл а ю.
Ша оьзда кхиийнчу доьзална юкъахь, царна а, нахана а еза а езаш, эша а оьшуш, д1аяхар нисдели 1амир-1елин х1усамненан Жовзанан а.
Дала декъалйойла хьо, Нана! Дала ялсаманин хьаша йойла хьоьх!
Сан ма гергара яр-кха хьо! Сан марзонийн гуо жимби-кх ахь…

Петирова ПетIамат