ШаIбан-беттан хьурматна

Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лийринчу Ша1бан-баттахь уггаре а еза буьйса лору Бара1ат-буьйса. Цу буьйсанца базбина Дала х1ара бутт. 1амалш совъяхарца, саг1а дукха даларца сий-ларам бо вайн махкахь Бара1ат-буьйсанан.

Еза хенаш йолуш а, йоцуш а вайн махкахь саг1ийна комаьрша ю Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ц1арах йолу региональни юкъараллин фонд. Цигара саг1а кхачаза наггахь а доьзал хир бац вайн махкахь. Х1инца юха а рог1ера саг1а доькъуш, юкъах ца йитира Ведана к1ошт.
К1оштан администрацин куьйгалхочуьнга Ахиядов Нурдига само а еш, саг1е хьашт мел болчу доьзалшка декъа аьлла бепиг, моз, лимонад, котамаш, берашна мерза х1уманаш ярташка д1асакхачийра.
Саг1а д1аэцна керта баьхкинчу нахе дукха лерина бистхуьлий, хазахеташ хьаьвза х1усамдай. Шайгара доккха баркалла а ала, саг1а къобал а де бохуш, т1екере йой юхабохкуьйту цара уьш.

Башкаева Седа

(Смотрели 1 раз, 1 за сегодня)

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *