19 апреля, 2024

Зударийн денца декъалдарш, церан дог хьаста довха дешнаш аларца д1адоьлху х1ара денош. Б1аьстено дохдо 1алам санна, вайн дахарна йовхо луш болу вайн хьоме наной, йижарий, х1усамнаной декъалбеш, церан терго ю еш.

К1оштан куьйгалхочо Ахиядов Нурдис администрацехь вовшахтохийтира дезчу денна лерина цхьаьнакхетар. Дезчу дийнан хазахетарш дог дохдеш дара. Балхахь кхиамаш болуш, ларош схьабог1у зударий совг1аташца, баркаллин дешнашца билгалбехира.
Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ц1арах йолу г1оьналлин фонд а ца 1ийра даздаршна юьстах. Цигара даийтина совг1аташ д1акхачийра Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу орденан кавалерийн, вайн мехкан парг1ато ларъеш эгначу белхахойн наношна а, х1усамнаношна а. Вайн республикин куьйгалхочун ц1арах уьш декъал а бира Ахиядов Нурдис.
Тхан хьомсара наной, йижарий, вайн къоман массо а йо1, Дала дог хьоьстийла шун даима а! Ма дог1ийла цхьа а де шу холчух1иттош! Аша ло тхан дахарна йовхо, синтем, серло! Даима а лепийла шун б1аьргаш! Даима а доьлийла шун дегнаш!
Дала декъалдойла шу!

Абдулкадырова Х.