29 марта, 2024

Ши эзар шийтталг1ачу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзана протоколан т1едилларца леррина концепци а кечйина, т1екхуьу чкъор ийманехь кхетош-кхиор ду д1ахьош.

 

 

 

 

 

 

 

 

И болх д1абахьа ох1ла болу говзанчаш кечбина, динан 1илма хилла ца 1аш, дуьненан 1илма а 1амийна, кхочушъеш ю и программа.
Х1ора школехь берашна хьоьхуш, дуьйцуш ду ийманехь кхетош-кхиорах. Ведана к1оштахь и болх дика д1ах1оттийна хилар гуш ду, школашкарчу дешархойн леларца а, хьехархоша цаьрца къахьегарехь а.
Динан баххаш девзина ца 1аш, т1арикъат а, нохчийн 1адат а девза берашна. Дуьненахь а, эхартахь а вай сийлахь хир долу, вайна шапа1ат хилла х1уттур долу мел дерг вайн берашна д1ахьеха, цуьнах пайда эцийта леринчу хьехархоша доггах бо шайх тешийна болх.
Веданара № 1 йолу школа а, Ц1е-Веданара, Элстинжара, Эг1аш-Бетара школаш а ю ийманехь кхетош-кхиоран болх нийса д1ах1отторца а, цуьнан жам1аш къеггина гуш хиларца а, кхиамаш алсам хиларца а билгалъяьлла. Программи юкъайог1учу ворх1е а аспектехь къахьегар гуш ду цара.
Вайн республикехь вовшахтоьхначу программех масал а эцна, шаьш долчохь и болх д1ах1оттон лерина ю вайна гонахара республикаш а.

Б. Хабакаев