19 апреля, 2024

Вайн республикехь кхочушъеш т1екхуьу чкъор ийманехь кхетош-кхиоран программа хиларе терра, цуьнан х1ора аспектехь, декъехь болх д1ахьош, дешархошна шайн хаарш д1алуш къахьоьгуш бу 1елимнах. Хьехархо-вовшахтохархо аьлла билгалдина ду церан белхан дарж.

Ведана к1оштан дешаран хьукматашкахь и болх д1ахьош болу хьехархой вовшах а тоьхна, церан хаарш лакхадахаран а, дагадовларан а кхеташо д1аяьхьира.
Цхьаьнакхетар д1адаьхьнарг к1оштан дешаран декъан куьйгалхочун заместитель, хьехархой-вовшахтохархой курировать беш волу Дакашев Шедид а, к1оштан ийманехь кхетош-кхиорехула юкъараллин кхеташонан председатель волу Чагаев Ваха-1ела а вара.
Юкъараллин кхеташонан председатела Чагаев Ваха-1елас шен къамелехь билгалдира, х1ора педагоган ша волчу школехь берашна хьехна ца 1аш, хьехархошца болх д1абахьа безаш хилар а. Массо бер цхьабосса амална к1еда а, дешарна т1екхуьуш а ца хуьлу, юкъара хьехамаш бича, уьш цхьабосса д1алоцуш а ца хуьлу. Цундела, 1елимнаха шайн декъехь а, дуьненан 1илма хьоьхучу хьехархоша шайн декъехь а леррина болх д1абаьхьча, цу беран амал нислур а ю, дешарехь мелла а кхиамаш а хир бу.
Динан баххаш довзуьйтуш, нохчийн 1адат, г1иллакх-оьзданагалла марзъеш, болх д1абахьар х1ораннан а коьрта 1алашо хила езар а билгалдира цо.
Шен рог1ехь вистхуьлуш Дакашев Шедида билгалдаьккхира, шайх тешийначу балхахь къаьсттина жигара къахьоьгуш гуш Дишни-Веданара №2 йолчу школера хьехархо Куразов Юнус, Марзой-Махкарчу школера хьехархо Цикиев Казбек, Элистанжарчу школера хьехархо Такалашев 1альви, Ц1е-Веданарчу школера Ахаев 1ала, Веданарчу №1 йолчу школера Аюбов Адам а хилар. Уьш баркаллин кехаташца билгал а бехира.
Кхеташо ерзош, хьехархойн хаттаршна жоьпаш а делира, кхид1а бан безачу белхан 1алашонаш а билгалйира.

Газиева Лизама