24 апреля, 2024

К1оштан администрацин белхахой ярташка д1аса а боьлхуш, кехаташца а, низаман гурашца а долчух бахархой кхеторан болх бу д1ахьош. Кху деношкахь юьртахойн гулам д1абаьхьира Хоттанехь. Цигахь дакъа лоцуш вара к1оштан куьйгалхочун заместитель Мадаев Ризван а, г1оьнча Чагаев Ваха-1ела а, райсоветан депутат Сулейманов Лом-1ела а, юьртда Мезиев Алихан а. Иштта цига кхайкхина бара юьртан къанойн кхеташонан декъашхой а, мог1арера бахархой а.

Дийцаре динчех коьрта хаттар дара ц1енойн а, бошмийн а кехаташ нийса хилар, х1ора кертан долахо шен карахь кехат долуш хила везаш хилар а.
Чагаев Ваха-1елас шен къамелехь билгалдаьккхира, уггаре а хьалха, кехаташ нисдина ца хилча, юьртан йистошкахь керла динчу ц1енош т1е газ йига а, свет ялон а, некъаш тодан а куьйгаш дихкина хуьлу аьлла.
Шен рог1ехь вистхуьлуш, Мадаев Ризвана элира 1едалан т1ег1анехь к1оштахь листа дезаш долчу х1уманна к1оштан куьйгалхочо ша накъост а ву, бахархойн 1ар-дахар аттачу даккхарехьа къахьега юкъ йихкина а ву олий билгалдо, и иштта хиларан тоьшаллаш вайна х1ора дийнахь гуш а ду аьлла.
Кхин а цхьамог1а хаттарш дийцаре дина а, листина а девллачул т1аьхьа, юьртан къаноша баркалла элира, шайн бала а кхаьчна, кхуза баьхкинчу 1едалана векалшна. Шайх г1оьртина х1ума дуьсур дац аьлла теша а бира цара х1орш.

Хабакаев Бай1ела