29 марта, 2024

Б1аьстенан юьхь къагош хазлой дог1у Дуьненаюкъара зударийн дезде — 8-г1а март. Цу дийнахь зударийн ларам барца, церан самукъадолу аг1о лохуш, уьш декъалбеш хаза ламаст ду х1оьттина. Шеран цхьана дийнахь доцуш, массо а хенахь зударийн сий-ларам ч1ог1а беш, цаьрца дерг экама ду вайн халкъан.

Совг1аташ, декъалдарш, даздарш, самукъне беларш – иштта д1адоьду вайн махкахь и дезде. Вайн республикин куьйгалхочо а боккха тидам бо вайн наной, йижарий, зударий, йоь1арий декъалбаран.
Цу дийнан хьурматна лерина к1оштан т1ег1анехь д1адаьхьира меттигерчу спортан школин ц1арах вовшахтоьхна ж1аккех ловзаран къовсадалар. И д1адахьа билгалйинера Элистанжара юккъера школа. К1оштан ерриге а ярташкара бохург санна, бераш дара къовсадаларе далийна. И цхьаьнакхетар вовшахтохарна а, д1адахьарна а жоьпалле вара спортан школин хьехархо Кадыров Алихан Умар-Алиевич. Шех тешийна болх тесна ца буьтуш, дукха лерина хьийзаш, шен балхах дог лозуш и хилар гуш дара.
Т1аьхьарчу шерашкахь вайн мехкан куьйгалло доккха г1о-накъосталла до вайн т1екхуьу чкъор спортехь дахчалуш, могаш дахар дезаш хиларна.
Дай-наноша доккха баркалла и хьелаш кхоьллина, шайн берийн 1уналла деш, царна кханенга кховда нийса некъ схьакхийдош, цу новкъахь аьттонаш бечу вайн республикин куьйгалхочунна а, цуьнан накъосташна а.

Башкаева Седа