9 декабря, 2025

«…Бераллехь лехьийна и суйнаш 

тахна сан иллешкахь догуш ду…»

                                      Юсуп Сулейманов

 

Дахаран некъ

Нохчийн поэт Юсуп Сулейманов 1933-чу шеран хьаьттан беттан 21-чу дийнахь Дишни-Веданахь ваьхначу ахархочун Чуьрчин доьзалехь вина вара.

Беран хенахь къаьстинера Юсуп дех-ненах. ЦхьайтталгӀа шо дара цуьнан, «халкъан мостагӀ» ву аьлла, цӀе а тиллина, декъазчу шен халкъаца махках воккхучу дийнахь. Кзыл-Ордински областерчу Джалагашан районан Кокжидзе йуьртахь дӀайахана цуьнан кхийолу хан. ФЗО-хь деша а доьшуш, Карагандински шахтехь болх бина.

Лаккхара деша аьтто ца хиллехь а, дахаро деллера цунна шен Ӏилма а, поэтически похӀма а. Вай цӀа даьхкинчул тӀаьхьа дукха хьолахь «Колхозан дахар» газетехь болх бина цо. Стихашна зорба йиттина газеташ тӀехь санна, «Лаьмнийн иллеш», цӀе йолчу цуьнан поэтически сборник тӀехь а, «Къоналлин кхайкхамца», «1уьйренан аьзнаш», «Вуьсур вац со новкъахь» цӀе йолчу йукъарчу сборникаш т1ехь а, ткъа иштта «Орга» альманаха тӀехь а.

Юсуп чӀогӀа говза вара стоьмийн синтарш дитташна тӀедийгӀарехь. Дукха ду цо дийгӀина синтарш дуккха а нехан стоьмийн бошмашкахь. Уьш а лаьттар ду, стом луш, цуьнан стихаш йешначу хӀоранна а поэзин бешо лун стом санна.

Поэт кхелхина 1985-чу шеран кхолламан беттан 10-чу дийнахь.

ХӀинца вайн газетехь оха шуна дӀайовзуьйтур йу Сулейманов Юсупан байтех цхьа байт.

 

Сулейманов Юсуп

Ас цунна некъ лур бу

Эшамо йазйинчу дахаран ворданахь

Тишвелларг мухха а новкъахь сайн Ӏотталахь,

ГӀо гойтуш, айвелла, вошаллин куьг делла,

Хало а, гӀайгӀа а цуьнца ас йоькъур йу.

 

Буьрсачу къийсамехь, ирс лардеш, да воьжча,

Дисинчу буо-беро, де эшна, неӀ тоьхча,

Сихвелла гӀаьттина, пхьор делла, хьаьстина,

Сайн хӀусаман и йовхо ас цунна дӀалур йу.

 

Халкъан ирс лехарехь тешаме куьг делла,

Харц чехош, бакъонан урх лаца сихвелла,

ВогIучу цу новкъахь и дуьхьал Ӏотталахь,

Суо бердах водахь а, ас цунна некъ лур бу.

 

Сонтачу ойланца «со» аьлла гӀаьттинарг,

Ша-шена ирс лехна, стогаллех къаьстинарг,

Сайн иллин тохарца кхиэл йина човхорца,

Нех санна карчийна, ас йуьстах кхуссур ву.

 

Эсалчу Ӏаьнарца ламанаш хьаьстина,

Арешкахь, раьгӀнашкахь беркатца йаьржина,

Маьршачу боларехь и буьйса чекхйаьллехь,

Йааза вижнехь а, со вуьзна гӀоттур ву.

 

Зорбанна кечйинарг

Дикаев Халид