4 декабря, 2024

Нохчийн мотт, со ца йоллу хьан дикаллаш йийца, хьо юкъара дІаболуш бу, хьо ларбан беза бохуш орцанаш даха.

Нохчийн мотт, со хьуна тешам бала, хьан дог хьаста, хьо цкъа а дуьненчуьра дІабер боций хаийта йоллу…
Валарчу вирзина Іожаллин метта вижинчо шена гонах гулбеллачаьрга тІаьххьара дош а, шена бисина дагахьбалламаш а, дегайовхонаш а хьоьца ялхор ю.
Цуьнан тІаьххьара весет а хьоьца хир ду.
АллахІан нийса дин, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш а дуьйцуш, ийманан некъ халкъана хьехна болу вайн сийлахь эвлаяаш мел буьйцу, халоно хьовзийнчо цаьрга орцане мел кхойкху хьо бекар бу.
Ден-ненан хьехамаш лоруш доьзал мел бу, ден-ненан дог доьзална сагатдеш детталуш мел ду, нанас шен комаьршачу шуьне доьзал мел гулбо, нохчийн хІусаме шен беркатца хьаша мел вуссу, и везаш тІеоьцуш хІусамдай мел бу хьо бехар бу.
Шайн доьзал ийманехь нисбар доьхучу нанойн шабаршца дечу доІанашца хьан марзо хир ю.
Бераш набарна дийшош назманаш хьан мукъамца эр ду.
Къонахийн амалш, гІиллакхаш, доьналла хьоьца довзуьйтур ду.
ХІара дуьне доххалц лаьттар долчу тезеташкахь халахетар хьан гІоьнца доькъур ду, кадам беш далхориг хьан аз хир ду, собарца кадам схьаоьцучо буьйцург хьо хир бу.
Нохчийн мотт, хьан эзарнаш шерашкахь гулдина хьекъал хьан кицанашкахь, аларшкахь, хийла хьан доза цахиларх цецбуьйлуш, дахаран дохалла хийламмо зуьйр ду.
Хенан йохалла тийсало гергарлонаш хьан беркатца чІагІлур ду.
Декъалдар, могуш-паргІат хаттар, дедика-Іодикаяр хьан Іаьнарца хир ду.
Дуьххьара безаман цІаро вагийнарг хьан гІоьнца вийр ву Іаламах дага.
Шен даго хаьржинчуьнга къайленаш хьоьца юьйцур ю.
ДоттагІаллин уьйраш а хьоьца яхчалур ю.
Лийринарг ца нисделла, тешнабехк дуьхьалбаьллачо хьан озаца бохур ду байттамал а.
Хазалла йовзар, сийсазаллех къахкар хьоьца хир ду.
Эхь-бехк, лерам, оьздангалла хьан цІарца хир ю.
Къоьжачу къаналле кхаьчнарг дахаран чот ян воьлча цо шен къа-мел хьоьца узур ду.
Генна дІаяханчу бераллин аганан иллица хьан чам хир бу.
Нохчочун кийрахь дог мел деттало, цуьнан пхенашкахь цІий мел кхехка хьан меттиг баьрчехь хир бу.
Хьо даим бехар бу, хьо даим бекар бу, сан нохчийн мотт!
Петирова Пет1амат