14 апреля, 2024

К1оштан куьйгалхочо Абдулазизов Шарпудис хаддазчу тидамехь латтадо х1ора юьртан а, к1отаран а дахар. Кхузахь хуьлуш болу хийцамаш дог доккхадедеш, б1аьрг белош бу.

К1оштан бахархойн дахар аттачу даккхаран 1алашонца еш ю керла г1ишлош.
Кху деношкахь Шарпуди Ширваниевич талламан 1алошонца хилира социалан-ладаме йолу г1ишлош ечохь.
Уггаре а хьалха цунна хаа луург дара Хойхь еш йолу фельдшерийн-акушерийн пункт мича хьолехь ю а, цигахь беш болу белхаш муьлхачу т1ег1анехь бу а.
Вог1у-воьдург а, туристаш а дукха лаьттачу кху юьртахь а, кху уллехь болчу Къоьзана-1ома т1ехь а лоьрашкара сиха орца эшча, хьем боцуш г1о кхачийтархьама еш ю и г1ишлош.
— Кхузахь массо а х1ума лерина-дуьстина хила деза. Ц1архазмана я дина кочара даьлчахьана аьлла, ледара х1ума дита йиш яц вайн. Х1инццалц схьа тесна лаьттина х1ара ярташ юхаметтах1иттош, кхузахь дахар дендеш къахьоьгуш ву вайн мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Сайн ц1арах а, вайн к1оштан бахархойн ц1арах а даггара баркалла а олуш, суна юха а т1еч1аг1дан лаьа, вай цуьнан накъостий хилар а, муьлххачу г1уллакха т1ехьа вайх б1обола йиш хилар а, — билгалдаьккхира Ширвани Шарпудиновича.
К1оштан куьйгалхочо иштта теллира некъийн хьал а. Гиначу суьртана резахилар а хоуьйтуш, кхид1а а бан безачу белхийн барамаш билгалбира цо.

Тунтуева Танзила