Шаьш 1аш-бехачу меттехь ч1ог1а ц1ена а, оьзда а 1аш вайн къам хилар 1адате а дирзина, амалх доьлла ду. Мичча хенахь а хьаша-да схьакхочу бохуш, даима а кийча хилар а ду вайн амалехь.
Чохь, кертахь ц1ано латтийна ца 1аш, урамехь а, гонаха а тесна х1ума ца дуьтуш, оьзда, хаза 1а вайн нах. Белхан меттигашкахь а, маьждигашкахь а, кешнашкахь а, некъан йистошца а ц1ано латтор а шайн декхар лору х1ора цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо а, юьртан маьждигийн имамаша а, жигархоша.
Рузбанехь а, жам1атехь а беш хьехам хуьлу уьнахц1аналлех а, оьздангаллех а.
Цундела кегийрхошка дукха дехарш дан дезаш ца хуьлу, накъосталла оьшу ма-аьллехь, бог1ий схьах1уьтту уьш.
К1оштан адмнистрацин белхахоша бинчу тидамашца а, жам1ашца уггаре жигарачарна юкъахь а къесташ, б1аьрлавуьйлуш хаало Белг1атара юьртда Байтемаев Ахьмад а, цу юьртан маьждиган имам Андиев Хьасан а. Царна къаьсттина баркалла а олу администрацино иштта жигара а, жоьпалле а хиларна.
Чагаев В-А.