19 апреля, 2024

Ведана к1ошта чуйог1учу х1ора юьртахь белхи бира кешнийн керташ, маьждигаш, хьуьжарш, некъийн йистош схьац1анъеш.

Бусалба динан хазчу ламастех ду ц1ано езаш а, ларъеш а хилар. Цул сов, нохчийн къоман амал а ю муьлххачу метте шаьаш кхаьчча уггаре хьалха 1ер-дахаран хьелаш тодеш, кир-горгам хьокхий а, сир-басар тухий а шаьш долу меттиг къагош.
Нохчийн къоман ламасташ хьахочохь, кхуза нисбеллачу кхечу къоман векалша хийлазза билгалдина, дийна болчеран санна, сий до кхара шайн беллачийн а олий. Иза шен бух болуш а ду. Х1унда аьлча, муьлхха а дика г1уллакх д1адолош, я 1ийдан дезденош т1екхочуш уггаре а хьаха белхи бо кешнийн хьаьрмахь. Т1аккха д1асалуьсту дисна г1уллакхаш а.

Дерриге а дуьненахь х1оьттина х1ара чолхе хьал бахьана долуш, к1елдисинчу г1уллакхаш юкъахь дара б1аьстенан белхаш д1аболош беш хилла белхеш, субботникаш юкъах йисар а. Цундела къаьсттинчу тергонехь дара оццул адам арадаьлла болх бан х1оттар.
К1оштан администрацин куьйгалхочо Ахиядов Нурдис а, райсоветан куьйгалхочо Хамзатов Валида а куьйгалла деш, тергонехь латтийра и д1адолор.

Башкаева Седа