29 марта, 2024

Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун протокольни т1едилларца вайн махкахь кхочушъеш ю т1екхуьу чкъор ийманехь кхетош-кхиоран концепци.

Цу программин гурашкахь вайн кегийрхошна довзуьйту бусалба динан баххаш, шари1атан бехкамаш, т1арикъатан некъаш, нохчийн г1иллакх-оьздангалла а.
Вайн кхане сирла хилар дозу вайн т1екхуьу чкъор нийсачу новкъахь, г1иллакх-оьздангаллица 1аморах.
Тахана б1аьргашна схьагуш долчу суьртан ма-барра мах хадон а, селхане йовзийта а, кхана хир долчунна кечам бан а сема хилар т1ехь ду вайх х1оранна а. Цу декхарх дика кхеташ, Даймахкана чу садиллина схьабог1учу оьздачу к1ентех цхьаъ ву Дишни-Веданара вахархо Мунашев Турпал-1ела.
Мунашев Турпал-Iела вина 1973-чу шеран 28-чу сентябрехь Веданахь.
1989-чу шарахь чекхъяьккхина Дишни-Веданара №1 йолу юккъера школа. 1991-чу шарахь деша хIоьттина НГПУ физически культурин факультете. Цигахь доьшуш а волуш къахьега волавелла контактни каратэхь, НР-н Карате Киокушинкай хьалхарчу тобанехь къийсадалршкахь дакъалоцуш а хилла. Спортан гIуллакх кхидIа дIадаьхьна Москварчу «БУСИДО» латаран клубехь. 2006-чу шарахь Каратэ Киокушинкай мастер (2-чу данан доьхка) волчу Турпал-1елас юхаметтахIоттийна Веданара «Турпал» спортан клуб, нохчийн каратэ юхаденъярехь жигара къа а хьоьгуш. 20I0-чу шарахь кхоччуш цIа а вирзина, предпринимателан гIуллакх а лелош, цуьнца цхьаьна Нохчийчоьнан юкъараллин дахарехь дакъа лоцуш ву. РГО Iилманан-Талламан Экспедицин «Евзаш йоцу Нохчийчоь» проектан декъашхо ву. 20I3-чу шарахь дуьйна «СКФО РГО-н дайверин (хин бух талларан) тобанан» куьйгалхо ву. Иштта къахьоьгуш ву альпинизм кхиорехь а.
«Россин альпинист» аьлла цIе елла цу декъехь кхиамаш бахарна. 20I5-чу шарахь шен накъосташца цхьаьна Турпал-1елас схьайиллина «ATV GROZNY» цIе йолу квадроклуб.
Кегийрхой спортехь кхетош-кхиош бечу балхахь а, кхечу дерриге а дIадолорашкахь а Турпал-1елас коьрта лорург вайн къоман гIиллакхехь уьш Iамор, вайн матте безам кхоллар а ду. Вайн мотт а, литература а езарна, нохчийн къомах хьакхалуш мел долу х1ума дагна гергаузучу Турпал-1елас литературехь а, гочдаршкахь а ша зуьйш г1улчаш яха а йолийна.
Шена зеделларг а, вайн мохк шена санна безар а кегийрхошка д1адала луучу Турпал-1елас къахьоьгу цаьрца.
Туризмехула долчу декъехь жигара дакъа лоцучу цо кегийрхой вовшах а бетташ, цаьрца экспидицеш йо Хой, Мак1ажа, Къоьзана-1ома т1е.
Вайн махкара х1ора лам а, т1улг а, 1ам а царна бовзийта, безабалийта, Даймахке болчу доза доцучу безаман шовкъ церан дегнашкахь г1аттийта болчу лаамо лелаво иза к1адвалар х1ун ду а ца хууш.
Цуьнан 1алашо ю дуьненахь а даьржина, кегийрхойн кхетамаш д1алоцуш долу зуламаш вайн берех ца хьакхадалийтар, уьш ойла ян 1амор, яхь йолуш, тешаме, уьнахц1ена т1аьхье вайн кхиорехь ша ца кхоош къахьегар.
Дала ма эшабойла вайна Турпал-1ела санна болу к1ентий!

Петирова Пет1амат