14 апреля, 2024

Вайна ма-хаъара, республикехь саццаза доькъуш саг1а ду Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) фондера саг1а. Церан комьарша куьг ца кхочуш наггахь а керт ца юьсу.
Амма шайгара г1олаца лууш, Аллах1ан новкъахь къахьегар дезаш, цхьацца фондаша а доькъу г1ийлачарна саг1а. Царах цхьаъ ю «Даймохк» г1оьналлин фонд а.
Цу фондера саг1а дара Ведана к1ошта даийтина.
Хьалххе шайн бинчу кечамца, таро йоцу доьзалш билгал а бохуш, саг1а царна кхачо хьаьвсира уьш.
Дама а, даьтта а, кхоьш а, гарза, дуга, шекар дара саг1ийна декъа деанарг.
Доьзална пхьор дан и рицкъа шайн керта деъча, даггара саг1адеш, баркалла олу мискачу наха.
Комаьрша, бусалба дог-ойла йолу нах вайн махкахь дукха мел хуьлу, мискачийн терго цара алсам мел йо, совдер ду вайн махкахь беркат.

В-А. Чагаев