28 марта, 2024

Керла веана к1оштан администрацин куьйгалхо Абдулазизов Шарпудди Ширваниевич шен белхан декхарш кхочушдан волавелчахьана, к1оштан дахар толлуш, г1оле хир йолу аг1о лохуш схьавог1уш ву.

Кхузахь коьртачу декъана шех доккха дезар дан йиш ерг туризм ю. Цу декъехь хьалха лаьтта декхарш а, дан дезарг а билгалдан а, хьал довза а дагахь Шарпуди Ширваниевича к1оштарчу инверсторшца кхеташо йира.
Беной-К1отарара хьала Къоьзана-1ома т1екхаччалц болчу некъаца туьканаш а, кхача буу меттигаш а еш болу инвесторш бара схьакхайкхинарш. Церан болх муьлхачу хьолехь бу а, дан билгалдинарг х1ун ду а девзинчул т1аьхьа к1оштан куьйгалхочо дийцира кхид1а болх д1а муха х1оттон беза.
– Схьавеанчу хьешана аьтто болу хьелаш хилла ца 1аш, ша нохчийн махкахь, бусалба нахана юкъахь вуй хуур долуш хила деза схьагуш долу сурт. Схьавенчу стага шеца д1ахьур дерг дуьххьара гина сурт а, шена хетаделларг а ду. Вайх х1ора а декхар ву вайн къоман ц1е дикачу аг1ор яккхийта. Ша веза-воккха хьаша вуй, машарца веанчу шена кхузахь не1арш даима а йиллина юй хаийта деза т1евеанчу стагана, – билгалдира шен къамелехь Абдулазизовс.
Б1е итт сов проект яра кхеташонехь йовзийтинарг. Уьш ерриге а кхочушйича, б1е шовзткъе итт стагана белхан меттигаш хирг хилар а дийцира кхеташонехь.

Хабакаев Бай1ела