28 марта, 2024

Шавваль-беттан т1аьхьарчу деношкахь юха а саг1а дийкъира вайн махкахь. Х1инца даийтина саг1а к1оштан х1ора юьрта кхачийна ца 1аш, х1ора х1усаме луш дара.

Шовзткъе итт кийла йолу деман галеш а, лаккхарчу сортан дугин ткъе пхиппа кийланаш а яра бахархойн х1усамашка кхачийнарш.
Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан,

Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу региональни юкъараллин фондо а, вайн мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а шайн доза доцучу комаьршаллица саг1ин куьг кхачадо де эшна мел висинчунна, г1орасизчунна, за1апхочунна. Церан тидамера ца долу мел к1еззиг х1ума а.
К1оштара бахархой резабан, уьш шайн бохамашца шаьш ца бисийта, х1орангахь бохург санна, х1ун хьал ду хаар тидамехь латтадо к1оштан куьйгалхочо Ахиядов Нурдис. И тешам цуьнга вайн мехкан куьйгалхочо белла. Цуьнан дика накъост хилла, вайн Хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас д1аболийнчу сийлахьчу некъах ца туьлуш вог1у Нурди.
Цундела к1оштан бахархой реза бу шайн ечу тергонна. Цхьа а де ца дог1у цара баркаллин дешнаш ца олуш, вайн паччахь Деле дечу до1анашна юкъа ца лоцуш а. И цара гучудоккху шайн кет1а саг1а дохьуш баьхкинчу белхахошна.

Айша Маниева