Нохчийн маттаца уьйра йолуш, нохчий мотт хьоьхуш кигийрхой алссам хаало школашкахь. Шен пох1мица царна йуккъехь ву тахана вай вийца лерина волу турпалхо. Йоццачу хенахь баккхий кхиамаш баьхна цо ша хаьржинчу некъа т1ехь. И ша хаьржина некъ гуттар юьхьарлаьцна схьавог1уш а ву иза. Иштта кхид1а а шен дахар гуттар хьехархочун корматаллица доза лаам а бу цуьнан.
Вай вешан ешархошна хьалхах1отториг ву Даудов Гилани. Гилани дуьнен чу ваьлла 1988-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 30-чу дийнахь Веданан к1оштарчу Тевзанахь Даудов Хаважин, Румин доьзалехь. Цигахь, Тевзанахь, школе вахана. Ша винчу йуьртахь 11 класс чекхъяьккхинчул т1аьхьа, 2006-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша вахана иза. 2011-чу шарахь и дешар чекхдаьккхина Гиланис. Оццу шарахь ша дешначу Тевзанарчу йукъерчу школе нохчийн мотт, литература хьеха балха вахана иза. Цхьана шарахь эха шарахь цу школехь болх бина цо. Цул т1аьхьа Соьлжа-г1ала заь1апчу берашна нохчийн мотт, литература хьеха д1акхайкхина, цига дехьаваьлла. Карарчу хенахь а циггахь болх беш ву.
Республикин дуккха а конкурсашкахь дакъалаьцна Гиланис. Дуккха а баркаллин кехаташ а ду цуьнан, цо бинчу белхан лаккхара мах хадош делла. 2016-чу шарахь «Тоьлла хьехархо» аьллачу конкурсехь хьалхара меттиг яьккхина цо. Цул т1аьхьа 2019-чу шарахь «Россин Федарацин дешаран силахь белхахо» аьлла ц1е а елла Гиланина. Нохчийн меттан, литературин ассециацин декъашхо хилла, хьехархойх д1акхетта иза х1инца.
Гиланис юьхьарлаьцна некъ доккхачу декъана х1инцале а кхочушхилла ала мегар ду. Жима волуш дуьйна шен нохчийн матте, литературе хилла марзо гуттар т1еч1аг1ъелла цуьнан.
Деккъа нохчийн маттах дерг аьлча…Цуьнан нохчийн маттаца йолу и марзо т1еч1аг1йалар гуш ду цо нохчийн маттах хьакхалуш долу цхьа а цхьанакхетар дакъа ца лоцуш долуьйтуш ца хиларца. Нохчийн маттах лаьцна йолчу горга стоьлашкахь а, конференцешкахь а, семинарашкахь даима дакъалоцуш жигархо ву Гилани. Даима бохург санна, оцу цхьанакхетарашка и кхойкхуш хиларо а гойту иза 1илманан а, дешаран а интеллигенцино къобалвеш хилар.
«Бераллехь дуьйна суна ч1ог1а т1е1аткъам бинера «Эзарнийн зерашкахула» ц1е йолчу книго», – бохуш дуьйцу вайн турпалхочо. Матте а, литературе а шен шовкъ гучайалар коьртачу декъана цу книгех доьзна а хета цунна. Мацах цкъа жима волуш, цу «Эзарнийн зерашкахула» книго шена бина т1е1аткъам, шех хьехархо хилла гучабаьлла ца 1аш, яздархочуьнгахь санна а гучабаьлла цуьнгахь. Гилани йазйеш а ву. Нохчийчохь долчу дуккха а а газеташкахь, журналашкахь арайевлла цуьнан байташ, дийцарш. Гилани жима волуш дуьйна а вара литература йезаш, Арсанукаев Шайхин, Юсупов 1илманан, Бисултанов Аптин, Бексултанов Мусан, Ахмадов Мусан, иштта д1а кхечаран а говзарш коьртачу декъана йоьшуш.Тахана ша а ву иза Россин Федерацин яздархойн союзан декъашхо, иштта Россин журналистийн союзан декъашхо а.
Билгалдаккха лаьа 2017-чу шарахь Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош, йазйинчу цуьнан байто республикин конкурсехь хьалхара меттиг йаьккхина хилар.
Йукъараллин белхан долчу х1уманна дика жигархо а, дика накъост а ву Даудов Гилани. Тахана доладелла дац цуьнгахь и х1ума: ша студент волуш дуьйна а вара иза иштта жигара. Иштта нохчийн мотт шена а 1амош, дешархошна хьоьхуш, нохчийн меттан верас хилла, лаьттийла лаьа Гилани.
Банжин (Банжаев) Аьрзу