19 апреля, 2024

Т1екхуьу чкъор могаш-таза, уьнах ц1ена, кхетам маьрша болуш кхиор хьалхарчу декхарш юкъахь лору вайн мехкан куьйгалло. Цу т1е хьажийна леррина д1ахьош белхаш а бу массо школашкахь.

Ийманехь кхетош-кхиоран программа вайн республикехь кхочушйина ца 1аш, х1инца цуьнах масал эца долийна Къилбаседа-Кавказан регионашкахь а.
Вай хьалха а хьехийна ма-хиллара, цу балхана леррина кечбина говзанчаш а бу вайн.
Церан болх кхиаме хилар де мел долу а гуш ду.
Низамца х1иттийна, планаца д1ахьош долчу дарсел сов, дешархошца йиллина урокаш а йо, цхьаьнакхетарш а до.
Цу тайпа цхьаьанакхетарш д1адаьхьира Веданарчу №1 йолчу юкъарчу дешаран школехь.
«Киберкхерамашна дуьхьало» — аьлла ц1е йолчу цу цхьаьнакхетаршкахь дешархошна дийцира интернет-машанах пайдаэцар кхерамзалла йолуш муха хила деза а, машанехь хьасене бовларан г1иллакхаш а, интернетах хуьлучу пайданах а, зенах а.
Веданара участковыйс Даудов Заудис а, школан директоран кхетош-кхиорехула заместитель волчу Алханов Руслана а, ийманехь кхетош-кхиорехула хьехархо волчу Аюбов Адама а дешархойн х1ора хаттарна кхачаме жоьпаш делла ца 1аш, муьлххачу а хьолехь нисдала тарлучу цакхетарех лаьцна а дийцира.
Цхьана дийнахь а, цхьана а сахьтехь а дийцарх кхачо хир йоцуш, леррина, лерг диллина, б1аьрг биллина терго латтон езаш хилар а дийцира цхьаьнакхетарехь.
Х1ора хьехархо а, дай-наной а, ерриге а юкъаралла а г1ароллехь лаьттича, вайн т1екхуьу чкъор хийрачу идеалогин т1е1аткъамах ларлур хиларх шеко цахилар а билгалдира цхьаьнакхетарехь.

Газиева Лизама