13 июня, 2024

Веданарчу культурин ц1ийнехь д1аяьхьира сиха вовшахтоьхна кхеташо. Цига кхайкхина бара яртийн маьждигийн имамаш, юьртдай, участковиш, х1ора цхьаьнакхетараллин куьйгалхой, школийн директорш.

Кхеташо д1ахьош вара к1оштан администрацин куьйгалхо Ахиядов Нурди, полицин куьйгалхочун заместитель Обаханов Сулумбек, к1оштан къеда Газимагомаев Илисхан, муфтин г1оьнча Джафаров 1аьрби.
Дийцаре диллинарг республикехь д1ахьош йолу вакцинаци яран г1уллакх дара. Вакцинаци ца йича ца йолуш, х1орамма а ян езаш хилар а, бахархой кхетош, цаьрца болх д1абахьа безаш хилар а дийцира кхеташонехь.
Ун даржарна дуьхьал бечу белхан уггаре а доккха дакъа ду шен хеннахь маха тохийтина, могашалла 1алашъярна г1айг1абар.
Рузбанехь д1акхайкхиийна а, х1ора керта боьлхуш дийцина а, само ян езаш ю цу г1уллакхна. Берх1итта шарера кхузткъе пхеа шаре кхаччалц болу нах бу вакцинаци яран гурашкахь мехий тохийта дезарш.
Эрна даржорш долчу къамелашка ла ца дуг1уш, лоьраша аьлларг дан дезаш хиларх кхетон беза нах.
Шен рог1ехь къамел деш, муфтин г1оьнча волчу Джафаров 1аьрбис дийцира, адамо шен могашалла 1алашъяр динан бехкамех хилар. Шена дарба лахар декхар хилар а хаийтира цо.
Могашаллин декъехь долчу хаттаршна жоьпаш делира к1оштан йоккхачу больницан коьртачу лоьро Гехаев Алхаста.

Хеди Хабакаева