13 июня, 2024

Веданан к1оштан администрацин куьйгалхочо Абдулазизов Шарпудис д1аяьхьира рог1ера кхеташо. К1оштан цхьаьнакхетараллийн а, урхаллийн а куьйгалхошца а, юьртдайшца а хиллачу цу цхьаьнакхетарехь к1оштан куьйгалхочо билгалдира д1адаханчу ши эзар ткъе цхьолг1ачу шарахь бинчу балхаца баккхий кхиамаш хилар а, карарчу шарахь кхин а жигарадевлла болх д1абахьа безаш хилар а.

Иштта шен къамелехь цо билгалдира х1окху шарахь бан безачу балхана къаьсттина тидам т1ебахийта безаш хилар а. Къаьсттинчу тергонехь хила беза к1оштан коьртачу больницин лоьрийн болх. Хьахон даьккхинчуьра, Абдулазизов Шарпудис дагадаийтира, к1оштахь д1ахьош диспансеризаци хилар а, могашаллин хьал таллийта, адам т1едаха дезаш хилар а.
Цу хьокъехь вистхуьлуш, к1оштан больницин коьртачу лоьро Гехаев Алхаста хаийтира х1ора юьрта йохуьйтуш ренгент, арахьарчу г1оьнан поликлиника хилар а, лоьраш муьлххачу юьрта д1аг1ур хилар а, Ведана схьалелаш адамашка къа ца хьегийта, ламанца йолчу кегийчу а, яккхийчу а ярташка лоьраш д1а а боьлхуш, диспансеризаци д1ахьор хилар а.
Вайн Республикин Куьйгалхочо Рамзан Ахматовича т1едехкинчу коьртачу декхарш юкъа и диспарензаци йог1уш хиларе терра, леррина бинчу кечамца д1ахьош хилар хаийтира цо бахархойн могашалла таллар.
Кхеташо шен рог1ехь д1айоьдуш, к1оштан куьйгалхочо коьртачу декхарш юкъахь хьахийра к1оштахь даьхни лелош болчу нахана г1одарца само яр.
— Коьртаниг, наха даьхни кхабар, латта лелор, туристически зона карлаяккхар, к1оштарчу нахана белхан меттигаш нисъяр а, карахь долчу ши эзар ткъе шолг1ачу шарахь болх жигарабоккхур хилар а ду, — элира цо.
Иштта цо дийцира ярташкахь д1ахьош долу догазификацин хаттар чекхдаккха дезаш хилар, юьрта йистехь йиначу керлачу х1усамашна а т1е газ хьош хилар а, газ д1асаекъаран цхьаьнакхетаралла болх беш хилар а, цу т1ехь оьшу накъосталла ша деш хилар а.
Кехаташ доцуш йолу г1ишлошна а, бошмашна а и кехаташ нисдаран сихо ян езаш хилар а, керла еш йолчу а, йина йолчу а г1ишлойн кехаташ хилийта дезаш а ду, цу т1ехь оьшу накъосталла к1оштан администрацин белхахоша дийр хилар а довзийтира шен къамелехь к1оштан куьйгалхочо.
Шен рог1ехь вистхуьлуш, к1оштан ветеринарни службин куьйгалхочо дийцира шаьш бечу балхах.
Кхеташонан жам1 деш, кхин цкъа а билгалдаьккхира, ерриге а хьукматашкахь, урхаллашкахь беш болу болх бахархойн 1ар-дахар аттачу даккхарна т1ехьажийна хила безаш хилар.

Тунтуева Танзила