29 марта, 2024

Машар! Къинхьегам! Май! — аьллачу лозунгаца цхьаьнатоьхна даздарш д1адаьхьира Веданарчу коьртачу майданахь.

Дуккха а хьалха шерашкахь боккха синкъерам хеташ т1еоьцуш долу и дезде билгалдаккхар х1инца а шен ламастах дохаза ду.
Къинхьегамхой декъалбеш, церан хьурматна лерина долу и де х1оранна а шен дезде хеташ, ша-тайпа дог-ойла кхуллуш а хуьлу.
Майдана гулбеллларш декъалбеш, церан б1аьрла кхиамаш билгал а бохуш къамел дира к1оштан администрацин куьйгалхочо Ахиядов Нурдис а, райсоветан куьйгалхочо Хамзатов Валида а, «Керла дахар» к1оштан газетан коьртачу редактора Чагаев Ваха-1елас а, к1оштан администрацин куьйгалхочун заместитела Дужаев Мовсара а.
К1оштан бахархойн дог оьцуш, царах х1ора а мехала хилар, церан къинхьегамо дахар хаздеш хилар билгалдира шайн къамелехь Ахиядов Нурдис а, Хамзатов Валида а.
Массо а велавелла, векхавелла, ша бакъдолчу дездийнехь хила ма-догг1ура, самукъадаьлла вара.
Официале дакъа чекхдаьлча, гулбеллачарна совг1ат дира вуно хаза кечйинчу концертаца.

Башкаева Седа