28 марта, 2024

Еза хенаш йолуш а, йоцуш а саццаза доькъуш дуНохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ц1арахчу фондера саг1а.

Амма мархин баттахь къаьсттина жигара долу мискачу нехан дог хьастар а, церан хьашташ кхочушдар а.
Мархин беттан т1аьххьара денош а лоьруш, марха даста нахана г1о лоцуш, къаьсттина г1ийла бохкучарна ахча а доькъуш, бисинчарна д1асакхачийра котамаш, бепиг, лимонад, моз, берашна томана мерза х1уманаш а.
Саг1ин хьашто ерг юкъах ца вита, г1оьналлин куьг массанхьа а кхачийта, к1ошта схьадеана саг1а нийсонца д1асанисдан къахьоьгу к1оштан администрацин куьйгалхочо Ахиядов Нурдис. Цу т1ехь цо само йойту юьртдайшка а.
Шаьш дага а лаьцна, шайн ц1арах саг1а дохьуш керта веана стаг гича, хазахетий хьаьвза к1оштан бахархой.
Цара саццаза баркалла боху иштта шайн г1айг1а бечу вайн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, фондан куьйгалхочунна Аймани Несиевнина а.

Башкаева Седа