Махкарчу бахархошна боккха кхаъ хилла вайн мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана маьждигаш рузбанна схьаделла мега аьлла бинчу кхайкхамах.
Дайшкара дуьйна охьа бусалба дин лелош, динан г1уллакхна юкъ а йихкина, бусалба нахана чу са диллина волчу вайн паччахьа схьахаийтина х1инца унах-ц1еналлин бехкамаш лар а беш, маьждиге баха мегар ду аьлла.
Юьхь т1е йиллина м1аьжиг а йолуш, каранаш а дехкина, ларъян еза юкъ а ларъеш хила деза маьждиге бахкар. Могашалла эшнарг а, кхузткъа шарал хьалабевлларш а цкъачунна чохь рузба деш 1ийр бу, бисинчарна парг1ато ю маьждиге бахка.
Ведана к1оштан къеда волчу Газимагомаев Ирисхана яртийн маьждигийн имамаш схьа а кхайкхина, царах д1атуьйхира динан урхалло бина хаам.
К1оштан коьрта маьждиг кечдира рузба дан. Хьалхарчу рузбанехь хьехам муфтин заместитель волчу Джафаров 1аьрбис бира.
Цигахь юха а карладаьккхира, ун-балех лардалархьама оьшу бехкамаш леррина ларан безаш хилар.
Петирова ПетIмат