24 апреля, 2024

Ерриге а Россехь билгалдоккхуш ду ноябран 28-г1а де Ненан де ду аьлла. Сирлачу, ойла хазъечу дезденойх цхьаъ ду и.

Нохчийн амалехь а, кхетамехь а х1ора де а ненан далахь а, цу дийнахь а вайн хьомсара наной декъалбар, царах лаьцна довха дешнаш алар ламасте дирзина вайн республикехь а.
Цу дийнахь вайн нанойн дог хьастарехь йоккха терго йо вайн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Вайн махкахь машар д1ах1оттош шайн синош д1аделлачу к1ентийн наной а, царах бисина х1усамнаной а къаьсттина декъалбеш, совг1аташца церан дог а хьосту.
К1оштан культурин ц1ийнехь а, ярташкахь а хаза д1адаьхьира Ненан де билгалдар. Къаьсттина хаза кечам бинера Октябрьски юьртарчу школин директора Товсултанова Хеда Хасановнас. Цу цхьаьнакхетарна кечам барехь доккха дакъа лецира дешаран декъехула завуч йолчу Салаватова Лайса Илмановнас. Концертан программина хаза кечам бинера юьртан Культурин ц1ийнан исбаьхьаллин школин куьйгалхочо Висханова Румиса Дадаевнас. Румисас культурин декъехь болх бо 37 шо ду.
Нанойн денца доьзна декъалдаран дош элира к1оштан администрацин куьйгалхочо Абдулазизов Шарпудис а, цуьнан хьалхарчу заместитела Дужаев Мовсара а. Зезагаш а делира, совг1аташ а дира вайн хьомсарчу наношна.
Шайн рог1ехь цара доккха баркалла элира х1оккхул хаза х1ара цхьаьнакхетар вовшахтохарна а, шайн дог хьастарна а.

Газиева Лизама