Банжин (Банжаев) Аьрзу Мусанович вина 1987-чу шеран октябрь беттан 22 чу дийнахь Веданан к1оштарчу Гезинчохь. Кхоалг1ачу классе валлалц цигахь дешна цо. Цул т1аьхьа Гумсан к1оштарчу Илсхан-Юьрта охьабеана церан доьзал. Илсхан-Юьртахь исс класс йаькхина ваьлча, Курчалой-Эвлахь заочни кепара школа чекхйаьккхина Аьрзус.
2007-чу шарахь Махачкалински институтан «Финансин а, бакъонан а» факультете деша вахана. 2013-чу шарахь и чекхйаьккхина. Цул т1аьхьа 2020-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университете магистратуре «Нохчийн мотт а, литература а» отделени деша вахана. 2023-чу шарахь и чекхйаьккхина. Цигахь доьшуш а волуш, оццу институтехь «Историн а, обществознанин а хьехархо» аьлла йолу студенташ йухакечбаран (переподготовка) курсаш йаьхна.
Белхаш бина республикнаски «Исламан з1аьнарш» газетехь, Соьлжа-Г1алахь №91-чу школехь, Шелан к1оштарчу «Зама» газетехь…
Байташ йазйан волавелла школехь волуш дуьйна. Дуьххьара зорабаневаьлла 2009-чу шарахь Гумсан к1оштарчу «Гумс» газетехь. Цул т1аьхьа зорбаневийлина «Даймохк», «Маршо», «Нийсо», «Зама», «Керла дахар» газеташкахь, «Нана», «Орга» журналашкахь , иштта цуьнан статьяш зорбанейийлина Нохчийн Республикин 1илманан академин «Таллам» олучу журанелехь.
Йаздархойн союзо арахецначу «Синмаршо» (2017), «Бераллера ц1а» (2018), «Седа бохьур бу хьуна» (2019) ц1ераш йолчу йукъарчу гуларийн автор а ву иза. Цуьнан байташ оьрсийн матте гочйина, Москвахь «Литературные знакомство» (2021) олучу журналехь а, Ростовский областан с. Покровское олучу меттехь «Хочу иметь два сердца я» (2021) аьлла ц1е йолуш зорбанейаьллачу книги т1ехь оьрсийн, украинийн, белорусийн меттанашкахь а зорбанейевлла.
РФ-н йаздархойн бартан (союз) декъашхо а, РФ-н журналистийн бартан (союз) декъашхо а ву. Оха тахана шуна йовзуьйту Банжаев Аьрзун цхьайолу байташ.
(Классически байташ)
Нохчийн мотт
Нохчийн мотт, хьо буьйцуш хезча,
Суна дагавог1у сайн да, денда.
Нохчийн мотт, хьо тесна байча,
Ойла йо: вац-те церан да, денда?
Нохчийн мотт, хьо буьйцуш дайша,
Муьлхха а сурт мел ч1ог1а лора тан,
Ойла, кхоьссина т1улг санна,
Ца туьгура сан юхаерза ц1а.
Нохчийн мотт, хьо буьйцуш хезча,
Суна дагавог1у сайн да, денда,
Хьо, г1елбелла, соьцуш, байча,
Хала ду-кх оцу дайн т1аьхье леш лан.
Нохчийн мотт, хьо иштта байча,
Герга ма ду тхан дайн г1иллакхаш дан.
И г1уллакх коьрто ца лайча,
Нигат хуьлу сан хьоьца вала, ван.
Т1аьххьара де
Д1абуза кечбелла малх –
Т1аьххьара чекхдолуш ду де.
Дахаро текхайо чалх –
Эзар шо хьалха санна де.
Д1абуза кечбелла малх –
Т1аьххьара чекхдолуш ду де.
Аса-м цкъа текхайо чалх,
Чекхдер ду т1аьххьара сан де…
Буьйсанна, беттасехь…
Беттаса горгделла цхьа башха хаза,
Сан иэсехь кхиаеш хьан ц1арах ойла!
Д1адахнарш даг чохь ду даькхина заза,
Ас цаьрна д1аелла сайн деган 1ойла!
Хьайн синтем бекъахьа ахьа а тховса,
Дог дика буьйса йу к1аргйала т1ехьа!
Вайн дуьхьа ца лууш набарна тхьовса,
Беттаза лаьтташ ду ца долуш дехьа!
Дерриге ас лоьру баттаца доькъуш:
Х1ора а м1аьрго ша йоккху даго!
Уьттазза вийна со кху буса воькъуш,
Д1адахнарш кийча ду бер санна хьаго!
Амма, сан синтем бац т1екхочехь хилла,
Даима санна и толлуш бу ане!
Цкъамукъа ойланехь ца гайта чилла,
Синтембеш хир йац-те рог1ера кхане!
Беттаса горгделла цхьа башха хаза,
Сан иэсехь кхиаеш хьан ц1арах ойла!
Йеха йу буьйсанаш цхьааллехь лаза,
Ас сайна кечйина баттаца 1ойла!
Йацахь йахь…
Калош хиларх хьуна т1ехь,
И дац хьуна м1арал эхь.
Йоцуш йелахь хьоьгахь йахь,
И ду хьуна эрча эхь.
Тилларх стага холхаз куй,
Йацахь йахь и къонах вуй?!
Ницкъ болуш и хаарх вуй,
Ткъа йацахь йахь туху туй.
Цу йахь йоцчуьн куц-кеп, ницкъ,
Ду и эрна диъна рицкъ.
(Верлибр)
И ду-кх х1ара дуьне
Х1окхуьнах 1ехавелла, х1окхуьнца велавелла, векхавелла, т1екареваьлла, валар дицдина, зовкхе ваххал х1ума йац х1ара дуьне!Гурахь, малхана дуьхьалйог1у марха санна, ц1еххьана йог1ий, дахарна дуьхьал д1ах1утту оьмаран чаккхе!
Цо зил тухий, хьо д1авуьгу , хьуна безаш, хьо везаш хиллачу нахаца хьо кхин цкъа а хуур воцуш шуьне!..
Хьо везаш, хьуна безаш хиллачийн дог а доьлху, б1аьрг а боьлху… дуьххьара моьттуш хуьлу цуьнан хир а йац чаккхе!
Доьду хи дукха гена а далале сов маса т1екхочу хьо вицлур вац моьттиначаьрна хьо вицвелла зама, (Иза а тоьар ма дара кху дуьненан цхьа мах хеташ вехачунна кху дуьненан бакъ болу мах хаа 1ама…)
Иштта, цкъа а хила а ца хилча санна, хьо везначеран иэсехь хьан кьуда д1абов… Хьо вицло… Хьох латта а хуьлий, хьуна т1е бай болу..!
И ду-кха х1ара дуьне, зама т1екхаьчча, кхуьнах тасавала меттиг хир боцуш,
Вайл хьалхаранаш санна, вай а цкъа дахаран йисттехь кешнийн кийра чуэгар долуш..!
Лаа олуш ца хилла дайша…
Лаа олуш ца хилла дайша: «Йаханчу хенех хьоьгуш йог1ур йу йог1у хан»! Ваха виса йаздиначунна доьг1на хилла и ган!…
Ойланийн х1орд хилла, дех-ненах, йиш-вешех, бевза-безачех бисина дагалецамаш кийра ца хоа болабелча, хала хилла ваха, 1ан!
Сан хьаьвзина, букара, секха дог кху кийрахь далаза, жимма а са чохь мел ду,
Йаханчу хенашца самаьрша, т1ома, дог дика ойланаш сан кийрахь г1оза-декьал йехар йу.
Амма, кхин цкъа а сан б1аьргаш цу хенахь санна сирла, къегина, доьлуш хир ду аьлча, туьйранах санна, цунах со ца теша,
Йа дог токхе хир ду аьлча а, велларг денлур воций хаар санна, замано сайна и хаар деллачу хаарех теша!
Лаа олуш ца хилла дайша: «Йаханчу хенех хьоьгуш йог1ур йу йог1у хан»! Ваха виса йаздиначунна доьг1на хилла и ган!..
Ойланийн х1орд хилла, дех-ненах, йиш-вешех, бевза-безачех бисина дагалецамаш кийра ца хоа болабелча, хала хилла ваха, 1ан!
Зорбане кечйинарг
Эсаева Зулай