25 мая, 2024

Вайна ма-хаъара, Нохчийн Республикин куьйгалхочо Р.А. Кадыровс хIара 2023-гIа шо дIакхайкхийна нохчийн меттан Шо ду аьлла. Вайн республикерачу бахархошна цуьнах боккха кхаъ хилла.

Мотт и къоман дозалла ду, ткъа и цIена бийцар сийлахь ду. Шен ненан мотт кIорггера бовза гIортар, дайн гIиллакхаш, орамаш лардар декхар ду хIораннан.

Иштта ненан маттана лерина кху шарахь йан тидаме йехкина дуккха а мероприятеш йу.

Ишттачарах цхьаъ йара Октябрьски йукъарчу дешаран школехь дIайаьхьнарг. Веданара, Дишни-Веданара, Хорачара, ЦIе-Веданара, Эшилхотера, Дуц-Хотера, ДаьргIара – районан школашкарчу дешархоша дакъалецира Веданарчу №1 йолчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Р.М.Зулкарнаевас хIоттийначу сценари тIехь дIайаьхьначу Iаламат чулацамечу оцу мероприятехь.

ДIахьош дара кху школан 10-чу классера ши дешархо Идрисова Хеди а, Мусаев Iабдул-Валид а.

Россин турпалхочун Загаевн цIарах йолчу Дишни-Веданарчу йукъарчу дешаран школан дешархочо Загаев Абубакара дIаэлира ненан маттахь нанна лерина синъайъаме илли.

Хьаьжин-Эвларчу Зайпулаев Адама а элира даймахках лаьцна хаза илли.

Веданарчу №1 йолчу йукъарчу дешаран школан дешархочо Оздиева Рузанас дIалекхначу «Нана», «Нохчийн къоман йоI» эшарех а, цо динчу «Дадин Айбикин хелхарх» а, ойла кIадйеш, самалхадоккхуш, чIогIа самукъаделира хьовсархойн.

Октябрьски школерчу дешархоша дийцира «Бабин туьйра».

Массарна дагах кхеташ дукха хаза байташ йийшира йарташкара даьхкинчу бераша.

Мероприятига хьажа веанера Ведана кIоштан администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель Дужаев Мовсур а, Ведана кIоштан дешаран декъан куьйгалхо Истамулов Анзор а.

Мероприяти кечйинчарна а, дакъалаьцначарна а даггара баркалла элира цаьршимма. Билгалдаьккхира и санна йолу мероприятеш сих-сиха йан йезаш хилар а, царах пайдаоьцуш хилар а.