25 апреля, 2024

Еза хенаш лоьруш, даима а луш долу саг1а кхин а алсамдоккхуш, г1ийла-мискачеран дог хьоьстуш схьайог1уш ю Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ц1арах йолу юкъараллин г1оьналлин фонд.

Вайн махкара цхьа а к1ошт а, юрт а ца юьсу фондо г1о ца деш.
Иштта Раджаб-беттан хьурматна декъна саг1а Ведана к1ошта а кхачийра.
К1оштан ерриге а ярташкара 350 доьзална саг1а д1асакхачийра. Уггаре а хьалха г1оьналлин куьг кхачо хьашто ерш бара саг1а дала билгалбинарш. Цара доггах баркалла а олуш, Дела реза хуьлда элира даима вайн терго еш 1ачу вайн мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, г1оьналлин фондан куьйгалхочунна Аймани Несиевнина а.
Шен рог1ехь к1оштан куьйгалхочо Абдулазизов Шарпудис а баркаллин дешнаш элира вайн мехкан куьйгаллин ц1арах. Ша даима билгал ма-даккхара, цо х1инца а билгалдира, вайн къоман дуьхьа шен берриге а ницкъ т1еберзийна къахьоьгучу вайн мехкадена накъостий хилар вайн декхар хилар а, цо д1ахьочу некъа т1ехь вай латта дезаш хилар а.

Тунтуева Танзила