29 марта, 2024

Иэсан а, лазаман а де билгалдеш Веданарчу доккхачу маьждигехь мовлад а доьшуш, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) а, вайн д1а мел кхелхинчарна а т1ера буьйда саг1а а доькъуш, меле г1уллакхаш дира.

Кхо эзар сов доьзална кхоккха кийла кхочуш, декъна и жижиг Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу юкъараллин г1оьналлин фондера дара.
Лайна вонаш дицдеш, маьрша стигал йоьлуш йог1ийла вайна кхид1а йог1у хенаш!
Кхин цкъа а къахьо 1овша ма дезийла вайн къоман!

Башкаева Седа