20 апреля, 2024

Ведан к1оштан яртех хазачух цхьаъ йолчу Тевзанахь кхузаманан барамашца дог1уш схьадиллина керла маьждиг.

Ламаз эца а, дан а аьттонаш болуш, б1аьрг хьостуш, 1аламан хазалла т1еюзуш дина х1ара Делан ц1а. Юьртахойн хьашташ листа, дийцаре дан майда а кечйина маьждига уллехь.
Юьртахошна боккха кхаъ цуьнах хилла ца 1аш, к1оштана а юьхьк1ам бу и. Дуьххьара кхузахь хилла маьждиг юьртахойн чоьтах, жимма а аьтто болчо, алсам дакъа юкъа а дуьллуш дина дара. Советан 1едало шен юкъарчу хьашташна д1алаьцна, Далла 1амал яр дихкина, маьждиг ду ала йиш йоцуш хан а лаьттира ехха. Цул т1аьхьа динна маршо яьлла, ярташкара маьждигаш схьаделла бакъо елча, юьртан имам Газимагамаев 1абдулбакъи хьалха а волуш, юьртахоша юха а ц1индина, карладаьккхина д1ах1оттийнера маьждиг.
Дала шайна деллачу рицкъанах закат доккхуш, юьртахь меле г1уллакхаш деш, Делан новкъахь харжаш еш схьавеана кху юьртара Метаев Руслан а, Джабраилов Ибрах1им а.
Ткъа х1инца Джабраилов Мохьмадан к1анта Ибрах1има хьалха маьждиг хиллачу меттехь, керла г1ишло д1ах1оттош, юьртахошна доккха совг1ат дина.

Кху январь беттан 15-чу дийнахь рузба а деш, схьадиллира керла маьждиг. Цига кхайкхина бара лараме хьеший. Царна юкъахь бара к1оштан куьйгаллера векалш а, муфтин г1оььнча Джафаров 1аьрби а, эвлаяйин т1аьхьенах нах а, гонахарчу ярташкара къаной а. Мовлад доьшуш, саг1а а доккхуш д1адаьхьира маьждиг схьаделлар.
Гулбеллачара билгалдаьккхира, аренца рицкъа лохуш лела вайн махкахой ц1ахь долчунна бала кхочуш, нехан хьашташка хьовсуш хилар. Х1ара хазбина, ц1инбина д1ах1оттийна вайн мохк, кхузахь болу машар латтон г1ерташ вайн мехкан куьйгалло хьоьгу къа эрна цахилар а дийцаре дира.

Чагаев Ваха-1ела.