20 апреля, 2024

Хууш ма-хиллара, Республикин куьйгалхочун омрица 2013-чу шарахь дуьйна т1еэцна кхочушъеш ю Ийманехь кхетош-кхиоран концепци. Цу концепцин гурашкахь х1ора школехь болх д1ахьош бу 1елимнах. Цара т1екхуьучу чкъурана дуьйцу динан баххех, шари1атан бехкамех, т1арикъатах, вайн 1адатех, ламастех, г1иллакхех.

Вай Дала бусалба кхолларна хастам а беш, вайна еллачу къоман башхаллица, вайн дайн 1адатийн гурашкахь хила деза вайн 1ар-дахар олий билгалдоккху цара.
Карара дешаран шо д1адолалушшехь, жигарабаьккхина берашца кхеторан болх. Классийн куьйгалхошца цхьаьна, ийманехь кхетош-кхиорехула болх д1абахьа векал бина 1елимнах а бу дешархоца цхьаьнакхетарш деш, цара д1алоцур долчу кепара царна дика а, вон а къастон хьоьхуш.
Иштта само еш, леррина 1уналла деш кхиош долу вайн бераш кхиаме ца хила йиш яц. Йоккха догдохийла ю уьш вайн къомана беркате, пайде хир бу аьлла.

Чагаев Ваха-Iела