23 апреля, 2024

Вайна генара хенаш яц дерриге а дуьненахь ун даьржина, цу лазарна дарба доцуш, адам холчохь, дан х1ума доцуш хьийзина хан. Велларг верзон, цомгашчунна т1ехотта, могашчуьнца чу-ара вала йиш йоцуш вай яьккхина хан атта йицъяла йиш йолуш яц. Дуьне а б1арздина хьаьвзинчу короновирусан уьнна дуьхьал цхьа дарба ца карадо-те бохуш сатийсира вай. Делан къинхетамца, 1илманчийн хьекъалца и дарба карийна, цунна дуьхьал молха карийна. Х1инца вайна хьалха лаьттачу декхарех уггаре а хьалхара декхар ду бахархошна и вакцинаци яр мел мехала дуй д1ахаийтар, уьш цуьнах кхетор.

Вайн мехкан куьйгалхочо уггаре а хьалха шегара масал гойтуш, шена а, шен доьзална а т1ера д1аболийна вайн республикехь вакцинаци яран болх. Хьалхарчу мог1арехь прививка яйтинчех ву вайн муфти а. Цул т1аьхьа цара халкъе д1акхайкхийна короновирусан уьнна дуьхьал вакцинаци яр оьшуш г1уллакх а, ца хилча ца долуш дарба а ду аьлла.
Массо а яртийн маьждигийн имамаш, юьртдай, туркхаш бу цу г1уллакхна арабевлла, бахархой кхетош болх беш.
Ведана к1оштан куьйгалхочо Абдулазизов Шарпудис шегарчу масалца, уггаре а хьалха шена прививка а яйтина, т1аккха дехар дина к1оштан бахархошка шайн могашалла ларъярхьама, вакцинаци яйта даг1ахьара аьлла.
Х1ора керта а боьлхуш, нах кхетош, церан хаттаршна жоьпаш луш, ца хуучуна т1екхиош болх д1ахьош бу к1оштан ярташкахь.
Шайн шеконашна кхоччуш жььпаш карийча, дукха резахуьлий т1етов нах шайна прививка яйта.

Чагаев В-А.