Нохчийн поэт Юсупов ИбрахIим вина 1958 шеран лахьанан беттан 10-чу дийнахь Казахстанехь. 1960 шеран гурахь деца-ненаца цхьаьна Нохчийчу схьавеъна.
Шен 14 шо долуш байташ йазйан волавелла. 1977 шарахь чекхйаьккхина Веданан кIоштарчу Хоттане йуьртара йуккъера ишкол. Оццу шеран хьаьттан баттахь Веданан кIоштан «Колхозан дахар» газете корреспондентан балха хIоьттина. 1978-1980 шерашкахь советийн эскарехь гIуллакхдина Сахалинехь. 1980 шеран бIаьста Нохчийчу цIа а вирзина, йуха а «Колхозан дахар» газетехь болх бан волавелла.
1982 шеран хIутосург баттахь Москварчу М. Горькийн цIарахчу Литературин институтан кхоллараллин конкурсах кхиамца чекх а ваьлла, хьаьттан баттахь цигахь тIеэцаран экзаменаш дIайала ваха везаш вара. Амма 1982 шеран мангалан беттан 27-чу дийнахь Казахстане ваханчохь цIеххьана хиллачу бохамо дIадаьхьира ИбрахIиман дахар…
Газетдешархошна йовзуьйту оха Юсупов Ибрах1иман байташ.
Даго бен дог Iабош дац
1.
ЦIехьа некъ бохьуш, со геннара вогIуш,
Хьагвелла хьаьвзира, тоха са доцуш.
Со, бердах схьалеша шовда а гина,
Цунна тIе вахара, болар сихдина.
Бертал а воьжна, ас и шовда шийла
Мелира, Iабош сайн бохбелла кийра.
Ша керчош лаьтташехь тIулгаш тIехь махо,
Сан дог Iабийра-кха шовданан даго.
2.
Генахь Iаш дуккха а шераш а девлла,
Со вара цIа вогIуш суо винчу эвла.
Эвла чу со вулуш, хадийна аре,
Сан йезар Iаш йара хьоьжуш со варе.
И гича, безаман йийсарехь Iийна,
Сан дог гIаддахара цхьа тамашийна.
Йезачун даго сан гIайгIа дIамелла,
Iабийра сан дог, шен йовхо а йелла.
3.
Йезачун синхаам балийна берта,
Кхечира со нана Iаш йолчу керта.
Сов хаза хетарна, бIаьргех хи даьлла,
Хьаьвзира сан нана вуно хIайтъаьлла.
Нанна сагатдина, овгал сан деган
Сатуьйсуш Iийнера цкъа иштта де ган!
Сан ненан даго, шен къинхетам ботуш,
Сан дог шех Iабийра, барам а боцуш.
Эххар ас сацам би дахаран хьаьттахь:
«Даго бен дог Iабош ца хилла лаьттахь».
Саралжин, 1974 ш.
Нана-аьрзу
Iажаркх-буц тIунйелча суьйренан тхишлахь,
Кху цIенчу дахарехь цхьанна-м наб ца кхета.
ХIай Нана-аьрзу, хьо тховса ма йижалахь,
Хьайн кIорни йайъи ахь, суна хьох къахета.
Инзаре мохь бетташ суьйренан кIуьралахь,
Хьайн накха бетта ахь бузучу малхах.
Хьан доьхна дог Iийжош, тIехйуьйлу кIорнеш,
Ткъа хьайниг цаьрца йац — хьо йиси цхьалха.
Ма лаьа хьо хьаста буьйсанна беттан,
Хьан дагчу дIакхето сайн ирсе гIан.
Ма лаьа сахаддалц хьоьга мохь бетта:
«ХIай Нана, со ва-й и-м, хьан вайна кIант!»
Хоттане, 1977 ш.
* * *
Ткъесан лазар сих сан кхетта,
Нана, хьох со гIийла хьоьгу,
Iаьржа къинош дагах летта,
Йоьза стигал кийра оьгуш.
КIомарш санна, мархийн кховра
Деган чевнна тIе лацало.
Сиха йоьду денойн ковра,
Хьо къежлуш соь ма ла ца ло.
Ас хьан Дика лардо, нана,
Дуьхьал тIом беш къизаллина.
Ахь доIанна лаьцна кана
Сан кхолламан сизах ийна.
Синпхенех сан шерша шеддаш
Сингаттамо хьерчош къиза,
Нагахь со лахь хьаьдда-ведда,
Хьан дезар ду йоьлхуш йиса.
ГIийла гахь сан зевне байташ,
Хьуна йезаш хилларш сил а,
Суна айхьа гечдар гайта,
Ахь сан кош тIе зезаг дилла…
Хоттане, 1978 ш.
Нохчийчоьне
Нохчийчоь! Iалашбан сайн денойн чам
Йоьссича санна хьо хетало Лаьтта…
Хьан дегIан цхьа меже — Хоттунхойн лам —
Хьайн куьйга ахь доьгIна чурт санна, лаьтта…
Ахь лайна дуьненан жоьжахатеш,
Амма ца хIоьттина цкъан цкъа а гуора.
Хьайн кIентий кхалхаран хилла хьо теш,
Уьш лахьте берзо а тоьъна хьан гIора.
Де-дийне лепайеш сан деган ботт,
Беркате хьан серло дуьненчохь йаьржа…
Хьан ира герз ду-кха сан къоман мотт,
ХIоттор ву цо хьоьца хьагIйерг йуьхьIаьржа.
Хоттане, 1982 ш.
Нохчийчоь
Iаьно сайна ваIда делча лош а, шаш а дала,
Хьожур вар-кха ломан бохь со айбан генна хьала.
Нагахь санна, сайгахь хьаьъна хIаваъ хилча шортта,
Со гIур вар-кха анайистан сийна доза шордан.
Аса-м, тIулгаш лехьош хи тIехь йинчу массо хьерахь,
Махкахь алсамдоккхур дар-кха дедайн бIаьвнийн терахь.
Хьун кхио сайн таро хилча, йоцуш пепнийн къелла,
Цунна уллехь йуьллур йар-кха ас цхьа нохчийн эвла.
Хенан иэсехь дIа ца дойтуш йолуш йолчун доь а,
Лаьттахь ас дIахIоттор йар-кха кхин цхьа Нохчийчоь а.
Хоттане. 1982 ш.
ХIун хилла вайна?
Вайн дегнийн бос хIинца ца хеташ кIайн,
ДIауьду бендацарх дIаийна денош.
ТIаьхь-тIаьхьа тидамехь ца хуьлу вайн
Бохамехь Iаш верг, шен бIаьрхиш а Iенош.
Стигала хьала а ца хьовсу вай,
Текхайеш ойланаш, цкъа хилларш тIома.
Кхоамза хедадо вай уьйрийн тай,
Бахьанза хиларца вовшашца гома.
Марзонаш дIайекъа кIадделла вай,
Зарздина гIиллакхаш — лардинарш дайша.
Са дIа а доьжна, вай хоьхкуш ду гай,
Амалш а схьаэцна — лелийнарш лайша.
Туьтм1аьжгаш йоьхкина йаххьашна тIе,
Шалхонийн кIуьралахь вовшашна къежа.
Стаг волчу стагана беттарца пе,
Сом вайга кхийдочу кIиллочух теша.
Ца хууш дешар дуй дахаран дарц,
Лайн чимийн эгIаза худар а хилла,
Вай гIерта Бакъ эшош, толадан Харц,
Нийсонна тIедоккхуш йамарта хIилла.
Хоттане, 1982 ш.
Зорбане кечйинарг ЮНУСОВ Хьамзат